Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

ГIажарийчохь парадехь адамаш дайар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкхо"

0
"Исламан пачхьалкх" олучу тобано шена тIелаьцна ГIажарийчохь тIеман парадехь дина тIелатар. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло. Цо билгалдоккху, тIемоша цхьа а тоьшалла далийна цахилар.


Терроран тIелатар дар шена тIелоцу ша аьлла хаам бинарг ю Iаьрбийн радикалан "Къоман дуьхьало" цIе йолу тоба.


ТIаьххьарчу хаамашца, Ахваз гIалахь тIеман парадехь герз диттина вийна 24 стаг. Царна юкъахь эскархой боцурш зударий а, бераш а ду. 60 гергга стаг чевнаш йина ву. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан зорбанан гIирсаша яздарехь, тIелатар дина 4 стаг вийна.


Шот дийнахь тIеман парадаш хилира цу пачхьалкхехь масийтта гIалахь. Уьш хьажийна яра 1980-1988-чу шерашкахь хилла Иракъан а, ГIажарийчоьнан а тIом болабеллачу денна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса