Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Оьрсийчуьра шена кхерам хиларх тешаш ца хилла Скрипаль

0
Британерчу Солсберехь дIовш даьлла волу Оьрсийчоьнан ТIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хилла Скрипаль Сергей еххачу хенахь тешаш ца хилла, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахоша шена тIелатар дина бохучух.


Цунах лаьцна яздо The Guardian газето, Би-би-си журналистан Урбан Маркан арайолучу "Материалы Скрипаля" (The Skripal Files)  книгана тIе а тевжаш.  


Британин талламан сервисо Солсберехь эцначу хIусамехь вехаш Скрипаль даиман а Оьрсийчоьнан "Первый" телеканале хьоьжуш хилла, яздо авторо.


Скрипаль реза хилла Кремло дIакхоьхьучу политикана, къобул деш хилла иза ГIирма дIалацар, тешаш ца хилла Украинин малхбалехь тIом беш Оьрсийчоьнан эскархой бу бохучух.


Книгин авторо Скрипаль ву боху "эхь доцу оьрсийн националист".



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса