Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Украино дIавеллачу Тумгоевна йиттина Оьрсийчохь

0
Украинин прокуратуро Оьрсийчоьне дIавеллачу гIалгIачунна Тумгоев Тимурана йиттина талламан изоляторе дIакхачош. И бахьана долуш жима стаг цхьадолчу декъана хилларг дага ца догIучу хьоле вьккхина. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино, Швецерчу "Vayfond" гIо-накъасталлин юкъараллан белхахочунна тIе а тевжаш.


Цо дийцарехь, Тумгоевн гергарчу стага телефонехула къамел дина цуьнца, Патигорскерчу номер 2 йолчу талламан изоляторехь иза волуш. Цигара дIа Бури-гIала дIавигинчух тера ду Тумгоев. Гарехь, иза саготта ву шена набахтехь яьккха ехха хан тоха мегаш ю аьлла. 


Хьалхо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро хаам бинера Украинин Iедалшка, шайга дIавелла Тумгоев Белгородерчу номер 3 йолчу талламан изоляторехь ву аьлла.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса