Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Магасера митинг дIасалалла дагахь дац ГIалгIайчоьнан Iедал

0
Магасехь митинге гулбеллачу нахана дуьхьал ницкъ боккхур бац, ткъа ша и акци низаман хорша йоккхур ю ГIалгIайчоьнан Iедалша. Цу кепара барт бина Iедалан а, юкъараллин а, муфтиятан а векалша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", митингехь цунах лаьцна дIахьедар динчу муфтиятан декъашхочунна Барахоев Ахьмадана тIе а тевжаш.


ГIалгIайн цхьаболчу депутаташа прокуратуре а, Талламан комитете а латкъам бина Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт къобул беш кхаж тасаран жамI харцхьадаьккхина аьлла.


Цара чIагIдарехь, дукхах болу депутаташ дуьхьал бара и документ тIеэцарна. Латтанаш цхьатеррачу барамехь хийцарх лаьцна низам тIечIагIдинера ГIалгIайчоьнан халкъан гуламан (парламент) декъашхоша ши де хьалха. Цул тIаьхьа цунна тIе куьг таIира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша.


Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а дехарш динехь а, дуьхьалонан акци дIаерзо дагахь дац шаьш бохуш, дIахьедарш деш бу Магасехь парламентана гергахь гулбелла нах. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса