Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта Абдурахманов Тумсогахь

0
Варшавехь депортацин набахтехь латточу нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос кхайкхамбина Полшин Iедалшка а, мухIажирийн гIуллакхаш луьстучу а, адамийн бакъонашкахула а болчу ООН-ан лакхарчу комиссарашка а ша Оьрсийчоьне дIа ца валийтар доьхуш. Ишта цо доьху шена а, шен доьзална а политикан тховкIело ялар.


Кадыров Исламца конфликт хилла Абдурхаманов Тумсо 2015-чу шарахь дуьйнна Гуьржийчохь вара. Цара тховкIело ца еллачул тIаьхьа, Полше дехьаваьллера иза шен доьзалца.


Маршо Радионо байначу баттахь яздира, видеоблогерна Абдурахманов Тумсона тховкIело яла дуьхьало йина Полшин Iедалша аьлла. Фейсбукерчу шен пена тIехь бинера цо и хаам.


Шен динчу дехарехь Абдурахмановс дагадоуьйту, Полша адамийн бакъонаш Iалашъен Конвенци а, дуьненаюкъара бакъонаш а тIечIагIйинчех, политикан бахьанашца Iедалхоша хьийзочу нахана тховкIело лур ю аьлла, тIелаьцначех хилар.


"Ас доьху сан бакъонаш юхаметтахIиттор, со а, сан доьзал а набахтера маьрша а баьккхина, тхуна паргIат даха бакъо ялар. Нагахь суна тIехIотта шайн аьтто бацахь, дуьхьало а ца еш, кхечу пачхьалкхе дIаваха бакъо йита соьгахь", - аьлла бу лакхахь билгалъяьхначу организацешка а, урхаллашка а Абдурахмановс бина кхайкхам.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса