Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Балхара дIабаьхна Соьлж-ГIалин кIоштийн префекташ

0
Соьлж-Галин Лениннскийн а, Старопромысловскийн а, Октябрскийн а, Заводскойн а кIоштийн куьйгалхой балхара дIабаьхна мэро Закриев ИбраьхIима. Цунах лаьцна хаам бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.


Цо дийцарехь, цу кIоштийн префекташ ларош ца хилла шайн декхаршца. Коьртачу декъана иза хьакхалуш ду газах а, тоьках а декхар схьалахьорца боьзначу балхах. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цу хаттарехь шайна атта болу некъ хаьржина хилла цара, бахьанаш ца къестош, декхар тIехь долчу нехан ток а, газ а дIа а хедош.


Кадыровс билгалдаккхарехь, Соьлж-ГIалин кIоштийн префекташна кхин болх лохур болуш бу, церан хьуьнаршка хьажжина.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса