Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Тухуговн метта Лобовх летар ву Джонсон

0
Кху беттан 27-чохь UFC турнирехь Ирландехь вехачу Оьрсийчуьрчу Лобов Артемца лата везаш вара Тухугов Зубайра. Амма цуьнан метта Лобовх летар ву Iамеркахо Джонсон Майкл. Цунах льацна хаам бина Championat.com сайто.


Тухугов дIаваьккхина Макгрегор Конор а, Нурмагомедов Хьабиб а тасавеллачул тIаьхьа хиллачу къепедацаршкахь дакъалацарна. Цул тIаьхьа UFC президенто Уайт Дейна дIахьедар динера, цу дийнахь хиллачу буй-тIарехь дакъалаьцначех цхьана а стага дакъалоцур дац шайн турнирашкахь аьлла.


Лобовн 32 шо ду. Шен UFC карьерехь кхузза тоьлла иза, кхузза эшна. 32 шо долу Джонсон 19-зза летта UFC турнирашкахь. Царах 10-хь толам баьккхина цо.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса