Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Шина къомана юкъа зайл тоха гIерташ бу цхьаболу нах – Кадыров

0
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдакхарца доьзна хьал десто мегар ца хиларх лаьцна дIахьедар дина Кадыров Рамзана.


«ВКонтакте» йолчу шен агIона тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бина, шина республикан векалша дакъа а лоцуш, шорйинчу кхеташонехь шаьш дийцаре дина хилар бина барт кхочуш бан дан дезарг. Кадыровс билгалдаккхарехь, цхьаболу нах "зайл тоха гIерташ бу шина республикехь дехачу къаьмнашна юкъахь".


Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхира иза мегар ца хилар а, цуьнах гIуллакх хирг ца хилар а. Кадыровс дийцарехь, цхьаболчу наха дуьйцучуьнан тIаьхьалонаш вон ялахь а, гIалгIай а, нохчий а буьсур бу вежарий санна.


Кадыровс баркалла элира Евкуровна иза ша лаьцначу позицех ца валарна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса