Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Пачхьалкхан цIе хийцина Македонин парламенто

0
Македонин парламенто гIортор йина цу пачхьалкхан цIе хийцарна. ХIинца иза хир ю Къилбаседа Македони. Маршо Радион Македонин сервисо бинчу хаамца, цу низаман проектана кхаж тосуш 120 депутатах дуьхьал хилла 39 парламентари.


ХIинца и низаман проект тIечIагIъян дIахьажийна пачхьалкхан цIе хийцарна дуьхьал волчу цу мехкан президенте Иванов Гёрге.  


Югослави йоьхначул тIаьхьа Македонех йозуш йоцу пачхьалкх хилира 1991-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна къийсам дIахьош ю иза, Македони аьлла цу пачхьалкхан цIе хиларна дуьхьал йолчу Грецица. Грекаша чIагIдо, цу цIарца ерг шайн пачхьалкхан къилбаседехь болу историн мохк хилла хилар.


И бахьана долуш Грецино сацийна латтош дара македонхой НАТО-на а, Евробартана а юкъабахар. ХIинца и некъ цу пачхьалкхана схьабиллина бу.


Гезгмашин-бутт чекхболуш Македонехь референдум хилира, пачхьалкхан цIе хийцарх а, Евробартах а, НАТО-х а иза дIакхетар хьокъехь а. 91 процент бахархой реза хилира мехкан цIе хийца а, НАТО-на а, цхьаьнакхеттачу Европина а юкъабаха.


 


 


 


  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса