Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Президентан харжамашкахь шолгIа мур хир бу Гуьржийчохь

0
Президентан харамашкахь 100% гергга бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа гучудаьлларг ду цхьана а кандидато гулдина ца хилар хьаллхарчу муьрехь толам бакка оьшуш долу кхаьжнаш.


ББС-но бинчу хаамца, 98,25% меттигерчу харжаман каппашкара кхаьчначу хаамашца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандидато Зурабишвили Саломес гулдина 38,6% кхаьжнаш. Оьшуш дара ах сов кхаьжнаш гулдар.


ШолгIачу меттехь ву оппозицин кандидат Вашадзе Григол - 37,75%.


И шиъ шолгIачу муьре даьлла.


Верриг а Гуьржийчоьнан президентан дарж къовсуш вара 25 кандидат.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса