Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Нохчийчохь оьрсийн эскаршна тIелеттачарна дина таIзар хийцаза дитина

0
Нохчийчохь эскархошна тIелатар динчу Крымшамхалов Юсупан а, Деккушев Адаман а хьокъехь Лакхарчу кхело шайн сацам хийцаза бити. 1999-чу шарахь Нохчийчохь оьрсийн эскархой байина аьлла бехкевинчу цушинна тоьхначу яккхий хенашна адвокаташа дина арз къобал ца дина суьдхоша, яздо "Коммерсанто". 


1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскархойн коврана тIелатарна набахтехь даккха 12 а, 8 а шераш кхачийнера Деккушевна а, Крымшамхаловна а. Талламчаша чIагIдарехь, оьрсийн эскаршна кIело а йина, хьалхара а, тIаьххьара а машенаш лелхийтина, юккъехь йисинчарна тIе герзаш диттинера цара. Авиабазера гIо кхачарна йоллу колонна хIаллакъян аьтто ца хиллера церан. Делахь а 15 стаг вийра, 28 чевнаш йира цу летаршкахь. Кеп-кепарчу хьосташа яздарехь, 400 гергга стаг хиллера тIелеттарг.


Гуьржийчохь дIалецира Крымшамхалов а, Деккушев а. Гуьржаша Оьрсийчоьне дIавеллачул тIаьхьа кхел йолийра цушинна тIехь. 1999 -чу шарахь Москох а, Волгодонскехь а теракташ деш, цIенош лелхийтарна 2004-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш тоьхнера цушинна.


ТIаьхьо кхи цкъа а дов хаьттира цушинга эскархошна тIелатарх. ТIаьххьарчу кхелахойн сацамца а догIуш, валлац набахтехь латтор ву Крымшамхалов а, Деккушев а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса