Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

ДаIишхоша байина лаьттах боьхкина нах карийна Иракъехь

0
"Исламан пачхьалкх" шех олчу тобан декъашхоша байина дIабоьхкина нах карийна Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацина (ООН) Иракъан Къилбаседанехь а, Малхбузехь а. Шинаридийнахь ООН-ан векалша Iорабаьккхина и хаам.


Хьалхо даIишхоша шайн долахь латтийначу пачхьалкхан кIошташкахь лаьттах боьхкина хилла и нах. Масех эзарнашкахь байина нах бу буьйцурш, амма билггал маса стаг ву ала хала ду, аьлла ООН-ан Иракъерчу векало Кубиш Яна. Беллачийн чалхийн талламаш беш, белхаш болийна говзанчаша. ЦIераш евзинчул тIаьхьа дIалур ду церан декъий гергарчаьрга.


2014-чу шарера 2017-чу шеран чакхене кхаччалц "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Иракъан территорин доккхахдолу дакъа дIадерзийнера шайга.


Стохка ГIуран-баттахь шаьш жихIадхошна тIехь толам баккхарх дIакхайкхийра БагIдадо.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса