Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

"Ахмат" клубера аравели Емельяненко Александр

0
Оьрсийчоьнан ММА-н ийначу кепехь латархочо  Емельяненко Александра "Ахмат" клубаца контракт дах ца дина. Шен Инстаграмерчу агIон тIехь бина и хаам спортхочо. "Лараме доттагIий, "Ахмат" клубаца бинчу бертан хан кхаьчна. Клубан куьйгаллаца цхьа барт хилла тхан, кхи дIа контракт дах ца дан. Латаршца спорт кхиош, цхьа гIуллакх дийр ду оха", - дIахьедина Емельяненкос.




Стохка Чиллан-баттахь дуьйнна вара латархо "Ахмат" клубан декъахь. Спортехь волчу заманчохь Емельяненкос 27 толам баьккхина, 7 эшна иза.


Маршо Радионо яздира Охан-баттахь, Karate.ru сайтан хаамашна тIе а тевжина, социалан машанехь шен фанаташца хиллачу къамелехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра, ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигехь кхи дIа цахиларх дIахаийтарх. ТIаьхьо ша Емельяненкос бакъ ца йира и информаци.


Ишта Маршо Радионо хааме даьккхира, Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Миллионщиковн цIарахчу мехкдаьттан университетан 1-чу курсе деша хIоьттина хиларх Емельяненко Александр. ТАСС агенталле биенера и хаам университетан проректоро Гайрбеков ИбрахIима.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса