Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Дериспаскан заводашкара машенаш эца 2 миллиард сом лур ду Iедало Росгвардина

0
Оьрсийчоьнан Iедало пачхьалкхан тIаьхьалонан фондера 2 миллиард сом дала сацам бина Росгвардина, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу миллиардеран Дерипаска Олеган доларчу заводаш йина машенаш эца.


Контракташ йийр ю "Урал" а, Арзамасера АМЗ заводашца. Уьш кхочуш еш Росгвардино эца езар ю 600 лаккхара лелар долу машенаш, шайна юкъахь "Тигр" гIагI диллина машенаш а йолуш.


Цу гIуллакхо болх лур бу Дериспаскан долахь йолчу "Газ" а, "Оьрсийн машенаш" а компанийн тобана юкъарчу "Урал" а, "Арзамасский машиностроительный завод" а компанешна. 


Кхушеран Охан-баттахь дуьйна Iамеркан санкцеш ловш ю уьш а, Дерипаскин кхин йолу структураш а.


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса