Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Нохчийчоь минех цIанъяр чекхдоккхур ду 2021-чу шарахь

0
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а территореш минех цIанйечу эскархоша чекхбоккхур бу и шайн болх кхо шо даьлча. Цунах лаьцна шотдийнахь дIахьедар дина Къилбан тIеман гонан (ЮВО) инженерин эскаран хьаькамо инарла-майоро Нестеренко Александра, хаам бо ТАСС агенталло.


Инарло дийцарехь, лелхачу хIуманех цIандаза дисина ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тIекхача хала долчу меттигашкахь 6 эзар гектар латта.   


Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, латтанаш минех цIандар карара бутт берззалц дахдина Нохчийчохь, маьлхан денош латтарна. Ткъа ГIалгIайчохь хьалхара ло охьадилларца берзийна белхаш.  



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса