Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Пачхьалкхехь лаьттачу проблемийн жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла 61 процент бахархоша

0
Пачхьалкхехь лаьттачу проблемех жоьпалла Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна тIаьхь ду аьлла 61 процент бахархоша. Еаридийнахь "Левада-центро" Iорадаьхначу жамIаша гойту и терахь. 22 процент респонденташна хетарехь, "цхьадолчунна" жоьпалле ву Путин. Путинан политика нийса ю, "ледара, коррупцица боьзна хьаькамаш" бахьана долуш гIуьттуш ю и проблемаш аьлла 10 проценто. "Лаамза" нислучу хьелашна бехк биллина 6 %.


Шо хьалха 55 процент хаттамбинчара дIахьединера, доллучух а жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла. 21 проценто "юкъ-кара долчунна" бехкевира Путин.


Нагахь тIедогIучу кIирандийнахь президентан харжамаш хилча, цунна кхаж таса кийча ву 56 процент Оьрсийчоьнан вахархо, билгалдоккху социологаша.


2018-чу шарахь хиллачу харжамашкахь 77 процент кхаьжнаш кхечира Путин Владимирна.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса