Нохчийчоьнан вахархочо мукъарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх
"Кавказский узел" сайтан корреспонденто бинчу хаамца, Солтамурадовс мукъарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх, амма цо тIе ца дитина ша цигахь терроран тIелатарш дан Iемаш дешна бохург.
Нагахь кхело и стаг бехке ларахь иза чуволла мегаш ву, 20 шаре кхаччалц хан а тоьхна.
Кхелан рогIера кхеташо хир ю ГIуран-беттан 4-чу дийнахь.
