49 стаг велла, 300 гергга лазийна Шри-Ланкахь
Беллачарлахь бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой а, яздина шен Твиттерехь пачхьалкхан Iедалан векало Харша да Силвас. Шайн-шайн хIусамашкара ара ма довла аьлла, кхайкхамбина цо бахархошка.
ДIакъевлина цу пачхьалкхехь аэропорт а, яздо Indian Express хьостано меттигерчу зорбанашна тIе а тевжаш. Зулам цкъачунна цхьаммо а шена тIелаьцна дац.
