Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Оьрсийчоьнца хинйолчу юкъаметтигехь вистхилла Зеленский

0
Украинан президентан харжамашкахь толам баьккхина шолгIачу турехь, экзитполан хаамца, Зеленский Владимира. Цо дIахьедина, Оьрсийчуьра массо а Украинан политикан тутмакхаш а, цо ма аллара, тIеман йийсархой а, Iаьржачу хIорда тIехь лецна хилла хIордхой а пачхьалкхе юхаберзо хьожур ву ша аьлла. ХIордхойн гергарчаьрца хIинцале а къамел хилла шен аьлла Зеленскийc Киевехь хиллачу пресс-конференцехь. 


Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш муха хир ю аьллачу хаттарна жоп луш, "нормандин форматехь" дийцарш дIахьур ду аьлла керлачу президенто.


Зеленскийс бахарехь, уггар коьрта Iалашо ю - Донбассера тIом сацор.

Иштта цо дIахьедина, гергарчу хенахь шен командас Добнбассера конфликт бахьана долуш "информцин тIеман" план хIоттор ю, украинхойн журналисташка гIо а дохур ду ша аьлла.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса