Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Kiev метта Kyiv яздан сацам бина Iамерко

0
Географин цIершкахула Iамеркан кхеташоно сацам бина Украинин коьртачу гIалан цIе язъяран кеп хийца. Хинца дуьйна Цхьаьнатоьхначу Штаташа Kiev яздаран метта яздийр ду Kyiv.  


Цунах лаьцна шен фейсбукерчу агIонехь хаам бина Украинин Вашингтонерчу векалалло. Цу хаамехь билгадоккхуш ду, цу хьокъехь дехар дина хилар Украинин векло Чалый Валерийс. И сацам ницкъ болуш хир бу Мангалан-беттан 17-чохь дуьйна.


Цул тIаьхьа хийцадала мега Украинин коьртачу гIалан цIе язъяр Iамеркехь санна йозанаш яздар бухе диллинчу вовшахтохараллашкахь а. Ша аьлча, юьйцурш йолчух тера ду дуьненаюкъара аэропорташ.


Украино дехар динера кхечу пачхьалкхашкарчу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашка а, пачхьалкхашка а шайн меттанашкахь украинахой меттан фонетика лелор, оьрсийн меттаца йоьзнарг а ца лелош. Ингалсан матахь и компани дIахьош ю #KyivNotKiev аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса