Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Нохчийчохь юха а билгало бухаяккхарна комментари йина Даудовс

0
Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен  Instagram-хь шена хетарг довзийтина Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца некъаца йолу билгало бухаяккхар хьокъехь, хаам бо "Кавказ.Реалии".


Даудовс дIахьедар дина, и билгало юхаметтахIоттор ю аьлла.


"ХIара тхан латта, тхан территори ю. Тхо цхьаьнца а къуьйсуш дац. <…> ХIун дан гIерташ бу и нах? ТIом беза шуна? ДIа мукъане а кхайкхадайша, шайна тIом беза аьлла. Вай бусалбанаш ду, вайн доттагIалла лело деза вайн дайша а, дедайша а лелийна ма хиллара", - аьлла Даудовс.  


Кху беттан 12-чу дийнахь видео гучуелира Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштахь йохина некъан билгало а йолуш. Хьалхо цу тайппа билгало бухаяьккхинера Дагестанерчу ГIизларна а, оццу Шелковски кIоштана а юкъахь лаьтташ йолу.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса