Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

ГIалгIайн Тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочунна дуьхьал кхин а цхьа дов гIаттийна

0
РогIера бехк тIебаьхьина Iедало ГIалгIайчоьнан Тайпанийн Кхеташонан лидерна Ужахов Малсагна, хаамбо "Карарчу Хено".


Юьхьанца дуьхьалъяккхина Бехктакхаман кодексан 318.2 артикл йоцург (Iедалан векалан могашаллина зен дар), 239.2 а ю цунна бехкееш (нах къепе йохо, низамехь доцург лелон гIовттор, оцу Iалашонца Iедалхйоцу юкъаралла кхоллар).


Ужаховн адвокато Куриев Жабраила бахарехь, таллламо юьйцург ю Тайпанийн Кхеташо.


Ужаховна дуьхьал айинчу рогIерчу артиклца бехкевинарг набахте хьажаво кхаа шаре кхаччалц.


Ши бутт хьалха ГIебарта-Балкхаройчоьнан кхело Ужахов шина баттана лаьцна кхаба магийра талламна – ГIалгIайчоьнан Нохчийчоьнца долу доза къастош бинчу сацамна дуьхьал Iай болийна протестан гулам Зазадоккху-баттахь полицина дуьхьалберзош жигара хьийзина аьлла.


Ужахов Малсагца диабет-цамгар ю, дог лозуш а ву иза, амма кхело тергал а ца дина шаьш оцу хьокъехь дина дIахьедарш, элира лаьцначун адвокато. Талламан материалаша бахарехь, кхел хиллалц маьрша витахь, къайлавала там бу Ужахов.


Хьалхо 150 эзар соьманна гIуда туьйхира Ужаховна Зазадоккху-баттахь хIоьттинчу гуламехь дакъалацарна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса