Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2020

Гадаев Мохьмад-Салахь. Б-те

0
 


Гадаев Мохьмад-Салахь


Б-те


Къаналлин къоьжачу

    регIан буьххьера

Къоналлин тогIешка

    хьоьжуш со Iа.

Дахкарх чекх малх санна,

    хенан кIоргера

Леллачийн сурт хIутту,

    деллалой, схьа.


Къаьсттина къегаш го

    суьйренан суьрташ:

Эшаршца бирзина

    балхара нах,

Iоьхуш цIа хьаьлхинчу

    хьайбанийн гурташ,

Малх-нуьро лепайо

    момсаран ах.


Шовданийн кортошка

    кIентий гуллора.

Забарийн, ловзарийн

    гIоттура гIов.

Мехкарша (къайлаха)

    хиш Iенадора,

Шовдане бийлар шайн

    далийта сов.


Безамаш вай хIетахь,

    бийца эхь хеташ,

Догучу дегнашкахь

    лечкъабора.

Амма вай хIетта а,

    малх бузуш, кхеташ,

Вовшийн ган «бехказло»

    хIоттайора.


Дехачу лекхарал

    кIеззиг ца лоруш,

Боцца вай тухура

    вовшашка бIаьрг.

Ченалахь юьллура,

    хьаьттахь кIа оруш,

Берзинчу когаца

    безаман хьаьрк.


Латтац-кх къоналла

    йиллина вайна,

Дистинчу хих тера

    йоьду и дIа.

Деллараш, денделла,

    меттахахьайна,

Генарчу суьрташка

    хьоьжуш со Iа.


Хийлачу бахамийн

    баьрзнаш ца эца,

Кхочур ма вар-кха со

    кхийдачу дог.

Белхелах хийшинчу

    гуьйрана хьоьца,

Берахь байн левзинчу

    берзина ког.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса