Полицино лаьцна дIавигина, 15 шо набахтехь а даьккхина, кху деношкахь араваьлла Масхадовн накъост
Цо дийцарехь, полисхоша гергарчаьрга аьлла иза "къамел дан" дIавуьгу шаьш аьлла: "Иза полицехь латтош волу 4-гIа де ду. Гергарчаьрга дуьйцу цара цунна етташ а яц, хьийзош а вац, къамелаш а деш вуьтуш ву, бохуш. ХIун дуьйцур ду стагца оццул ехачу хенахь? Гергарнаш вуно кхерабелла бу".
Кавказ.Реалиин корреспонденте Гуьмсан-кIоштан полицин декъехь телефонехула Мурдашевн кхолламах лаьцна хаьттича, собарде аьлла, амма цул тIахьа цхьа телафон схьа ца эцна полисхоша.
Хьалхо зорбан гIирсаша хаам бина ма хиллара, президент Масхадов вуьйш цуьнца цхьаьна Девкар-Эвлахь бункерна чохь хилла Мурдашев маьршаваьккхинера Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь, 15 шо колонехь даьккхинчул тIаьхьа.
