Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Коронавирус бахьана долуш комендантан сахьт юкъадаьккхина Францехь

0
Коронавирус бахьана долуш комендантан сахьт юкъадаьккхина Францехь

Коронавирусан пандемин шолгIачу тулгIенца къийсам латторхьама Францехь комендантан сахьт юкъадоккхуш ду. Пачхьалкхан президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, буса исс сахьт даьллачул тIаьхьа Iуьйранна ялх сахьт даллалц бахархошна чуьра арадовла мегар дац аьлла.

COVID-19 вирус маса яьржачу Парижех а, кхин а 8 гIаланах а хьакхалуш бу тIеэцна сацам. Ю царлахь Марсель а, Лилль а, Сент-Этьен а, Руан а, Тулуза а, Гренобль а, Монпелье а, билгалдоккху "Би-би-сино".

ТIедогIучу шоьтан дийнера схьа лардан дезар ду комендантан сахьт. Цкъачунна деа кIиранна юкъадалийна. Къевлина юьтуш ю школаш а, чолхечу хьолан раж кхайкхош ю иштта могушалла Iалашъяран системехь а.

Кхаарин дийнахь Францехь 23 эзар стагаца къаьстира коронавирусан инфекци. Йоллу Европехь юха а дозанаш детта долийна, лазар ца даржийтархьама.

Шога карантинан низамаш юкъадаьхна Нидерландашкахь, цигахь совцийна болх бечуьра кафеш, бараш, ресторанаш. Испанера Каталонехь а шина кIиранна дIакъевлина бараш а, ресторанаш а тахана дуьйна.

ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Чехехь Iаламат дукха нахаца къаьстина вирус, кхаарин дийнера схьа дуьйна цIера доьшур ду бераша. Бараш а, ресторанаш а дIакъелина. Гезгамашин-бутт карабеачхьана даьржина догIу Чехехь ун.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Российский теннисист поднялся на две позиции в топ-10 рейтинга ATP






На выставке «Россия» свадебную церемонию устроят для трёх пар новобрачных с ЯНАО

Инаугурация президента Путина - 2024. Прямая трансляция

В Подмосковье подготовили к 9 Мая все объекты памяти Великой Отечественной войны

Анна Данилова дала старт Всероссийской акции "Синий платочек Победы" 2024 на станции метро Курская