Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Оьрсийчоьнна кхерам тесна Украино, Нохчийчохь хилла тIемаш дага а бохкуьйтуш

0
Оьрсийчоьнна кхерам тесна Украино, Нохчийчохь хилла тIемаш дага а бохкуьйтуш

Нагахь санна, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно "шуьйра агресси" йолаяхь, Оьрсийчу декъий чохь дуккха а яьшканаш кхочур ю аьлла, дIахьедина Украинан къоман кхерамзаллан Кхеташонан (СНБО) куьйгалхочун гIовса Кривонос Сергейс. Цо бахарехь, пачхьалкхера хьал талхон тарло баккхийчу эшамаша.

"Тхан пачхьалкхана маса тIелатар проблема яц Оьрсийчоьнна. Амма царна дика хаьа, шайн Iаламат дукха зенаш хир дуйла, ас дуьйцург, Оьрсийчу дIакхоьхьу долу декъий ду", - аьлла Кривоноса "Обозреватель" интернет-ресурсана еллачу интервьюхь, яздо "Коммерсанто".

Цо карлабаьхна 1994-1996-чу а шерашкахь Нохчийчохь хилла тIемаш а, цара Оьрсийчоьнна бина тIеIаткъам а.

"ХIетахь бIеннашкахь, эзара оьрсийн салтийн декъий цIа кхехьаро пачхьалкхера ситуаци Iаламат карзахъяьккхинера. Уьш дика кхета оцу кхерамах", - аьлла Кривонос Сергейс.

Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан Iалашо ю - украинхошка шаьш "шайн чуьра хьал эгIадайтар".

СНБО-н куьйгалхочун гIовса билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан тIеман-техникан гIирс шайчул а ницкъе бу, амма украинхойн эскаран "тIаьххьарчу 6,5 шерачохь гулделла тIеман зеделларг" ду.

"Украинан эскарехь гIуллакх деш бу мотиваци йолу тIемалой, бIаьрла зеделларг ду церан тIемаш барехь карадирзина", - аьлла Кривоноса.

Хьалхо Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьединера, нагахь санна, Донбассера тIом берзон шен ницкъ ца кхачахь, кхин стаг ву пачхьалкхан куьйгаллехь хила везарг аьлла. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхира, тIом сацош барт хир бу аьлла, ша тешна хилар.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

ATP представила новые правила парного тенниса






Эндокринолог Павлова рассказала, почему пасхальный кулич надо есть с яйцами

Пушков заявил, что мигранты в Великобритании потребуют престол для сына принца Гарри

Китай аплодирует тому, как Россия арестовала активы американского банка JPMorgan

В главном храме Вооруженных сил РФ прошло пасхальное богослужение