Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2022
1
2
3
4
5
6
7
8 9
10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24
25
26
27 28 29 30

Мусаева Заремин гIуллакх кхеле хьажийна

0
Полисхочунна тIелатар дина аьлла бехке еш йолчу Мусаева Заремин гIуллакх Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхеле кхаьчна. Цунах лаьцна дийцина цуьнан кIанта, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара, адвокатана Добронравова Натальяна тIе а тевжаш.


Полисхо сийсазвина, аьлла бехкаца цунна чохь яккха 15 дей-буьйсий тоьхна волчу кхелахочо Башуев Ахьмада толлур ду цуьнан гIуллакх, билгалдоккху Абубакара, ший а гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, боху цо. Кхел хилале ден ладегIарш билгалдаьхна дац.



Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехкейина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира - протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо".
Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра. Стигалкъекъа-беттан 10-хь кхело цунна чохь яккха тоьхна хан Товбецан-беттан 12-чу дийне кхачалц дIаяхйина.
1ADAT телеграмерчу каналаца цуьнан важа кIант Янгулбаев ИбрахIим воьзна хиларна тIаьхьбевлла кадыровхой ЯнгулбаевгIеран доьзална.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса