Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21
22
23
24
25
26 27 28 29 30

Шен веа накъостана йиттина Нохчийчуьра эскархо маьрша витина

0
Шен веа накъостана йиттина Нохчийчуьра эскархо маьрша витина

Эскаран гIуллакх дечу Нохчийчуьра Ералиев Адам-Сурхос шен веа накъостана йеттар бакъдина Волгоградера гарнизонан тIеман кхело, амма витина иза маьрша. "Планкехь" латтош хиллачарна йеттарна кхело арахь даккха ши шо хан тоьхнера цунна.

Талламо а, кхело а тIечIагIдарца, Ералиевца цхьаьна эскаран гIуллакх деш хиллачу веаммо пост дIатеснера, шаьш бертал хIиттийна, шайна мийраш биттича.

Иштта гIагI диллина ши бронежилет тIе а йохийтина, юха а бертал хIоттийна, гех мийраш биттинера царна, шлем коьртах а диттинера. Царех цхьаъ дарбанан цIийне ваханера, хье а, кийрахь а лазийна аьлла хеташ.

ТаIзар кхайкхочу заманчохь бехк малбен бахьанашлахь лерира кхело бехкевийриг эскаран гIуллакхдарца дика ларош хилар.

Сочера гарнизонан тIеман кхело контрактхо Кольчугин Илья, уставехь магийна юкхаметтигаш талхорна бехкхилар тIечIагIдира. Пхи салтий тIеман министраллица контракт дан дагахь вуй хаа гIиртинера иза, дуьхьало йинчул тIаьхьа йиттинера царна, упражненеш йойтуш.

Ростовн кIоштара Новочеркасскан гарнизонан тIеман кхело таIзар кхайкхийра контрахтхошна Бойков Максимна а, Сухачев Александрна а, ГИБДД-н инспекторна къиза йеттарна. Пхеа шаре кхаччалц хенаш йогIура эскархошна, делахь а кхело мел а кIеда сацамбира – 40 эзарна тIера 50 эзар соьме кхаччалц гIуданаш тоьхна.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA-1000 в Мадриде






Росгвардия обеспечила безопасность генеральной репетиции парада ко Дню Победы в Москве

ТАСС: президент Кубы планирует посетить Россию и принять участие в Параде Победы

Politico называет арест замминистра обороны Иванова посланием и пишет о "кошельке Шойгу"

Мосбиржа оспаривает решение суда об изъятии акций у миноритариев СМЗ