Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

БатIалхьажошкахьа гIо даьккхина Кадыров Рамзана

0
БатIалхьажошкахьа гIо даьккхина Кадыров Рамзана

ТIаьххьарчу деношкахь цIийнех хьуьйсуш, лоьцуш хиллачу гIалгIайн батIалхьажойн вежараллехьа узуш шен телеграм-каналехь вистхуьлуш видео хIоттийна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан урхалхочо чIагIдо, лецначарлахь бехкебоцурш а бу бохуш.

"Дозанал арахьара динехьа къамелш деш, БелхороевгIарна шайн ма-хуьллу доцурш тIеухкуш" жигарабевллачу "интернет-питанчах"лаьцна ду публикацихь дуьйцуш дерг. Кадыровс бахарехь, "таллам а бале бехкебо БатIалхьаьжа къобалвийраш, иза цхьа кечйина интернет-кампани йолуш санна хета". "Оцу гIуллакхехь хIинца а зераш ду дIахьош, лецначарлахь бехкебоцурш а бу", - билгалдоккху цо.

Иштта Кадыров эргIадвахна "батIалхьажойн терроран вовшахтохаралла" аларна а, кхин ца хиллал абсурде ду и аьлла. Ишта олу царех лаьцна кест-кеста, доккхачу декъанна, ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало.

Шен къамел дерзош, Кадыровс кхайкхамбина "гIалгIайн къомана махкахь бийца юкъара мотт карон беза" аьлла.

Йозанца хIоттийначу публикацица цхьаьна зорбане яьккхина нохчийн маттахь къамел ден еха видео, Кадыровна уллохь ву цу тIехь Белхороев Ахмад, мехкан урхалхочо вовзийтира иза полицин подполковник ву, шен доьзалца Нохчийчохь вехаш аьлла.

БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

ГIадужу-беттан 31-чохь ТунгуевгIеран цIийнах хьоьвсина. Ши ваша дIавигира полицин декъе, амма цхьаъ суьйранна цIа ваийтира, шолгIачунна ши тапча а, граната а кхоьсинера, дийцира Кавказ.Реалиига батIалхьажойн вежараллин декъахочо Белхороев Амирхана. Иштта лецира БелхороевгIеран цIийнах волу кхин а ши стаг.

Дахначу кIиранах ГIалгIайчуьра контролан-чоьтан палатин куьйгалхочуьнга Белхороев Мустафага бехк кховдийнера бакъо йоцуш герз латторна. Макаровн тапча карийнера ницкъахошна цуьнан цIахь. Гергарчара чIагIонаш йо, герз цунна тесна ду бохуш. Белхороевца цхьаьна лецира кхин а кхо стаг.

БатIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваькххира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера дIаваьккхира. Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а бехкаш дехкира.

2021-чу шеран зазадоккху-баттахь а, 2020-чу шеран товбецан-баттахь а Белхороев Мустафан хIусамех хьийсира. 2020-чу шарахь талламан барамаш цуьнан вешина, республикан Къоман гуламан депутатна Белхороев Якъубна дуьхьал дехкинчу бехкашца доьзна дара. 19 миллион сом дола даккхарна а, ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало яран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим вуьйш дакъа лацарна а шеконашка лаьцнера иза.

2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.

"Единая Россия" партера республикан Къоман гуламан депутат хиллачу Белхороев Яхьян ваша ву Белхороев Мустафа. 2019-чу шарахь шен тIедолу ахча хьулдарна бехкбиллира Белхороев Яхьяна, тIаккха ши шо даьлча депутатан мандатах ваьккхира иза.

2018-чу шеран гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а куьйгаш яздира, шина регионна юккъера дозанаш дIасахуьйцучу бертана. ГIалгIайчохь наха дуьхьалонаш гIаттийра, 2019-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь Росгвардица дуьхь-дуьхьал нислуш. Бакъоларъяран "Мемориал" Центран зерашца, верриг а "гIалгIайн гIуллакхехула" бехкзуламан жоьпалле хIоттийна ву 49 стаг. 2021-чу шеран гIуран-баттахь гIалгIайн протестийн ворхI лидерна ворхI шарний эхашарний тIера исс шаре кхаччалц хенаш туьйхира чохь яккха. Бакъоларъяран "Мемориал" Центро политикан тутмакхаш лерина гIалгIайн протестийн лидерш.

Кху шеран дечкен-баттахь ГIалгIайчоьнан бахархошна шога критика йеш вистхилира Кадыров. Бахьана дара, гIалгIайн делегаци Нохчийчу яр а, цунна тIаьххье цига бахначара шайн махкахошна хьалха гечдар дехар. Кадыровс кхерам тесира луларчу мехкан латтанаш схьадохур ду аьлла, ультиматум хIоттийра къаношна. Регионалан куьйгалхочо тIедожийра кхаа дийнахь шега йолу претензеш схьаала аьлла, тIетуьйхира, нагахь санна, ша сийсазвеш уьш хилахь, ша "хIуъа а дийр ду" аьлла. Претензеш массарна а хазош охьайийцира, цхьаннан терго ца йира Кадыровс, шолгIачун авторе телефон тоьхнера – эххар а Нохчийчохь дIахьедира, "ГIалгIайчоьнца цхьана а кепара проблемаш яц" аьлла."




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Хачанов победил Шевченко во втором круге турнира ATP в Риме






В Ростовской области сильно вырос спрос на медсестер и медбратьев

Заполняемость индустриальных парков Подмосковья достигла 87%

Скончался актер и каскадер из «Место встречи изменить нельзя»

Стоматолог Ланцева: хруст в челюсти не опасен в одном случае