Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

Дозанхойн меттигехь лаьцна хилла нохчийн жигархо дIахецна

0

Зударийн бакъонаш Iалашъяран болх караберзош хилла нохчийн жигархо Сакаева Гистам дIахецна хеттарш динчул тIаьхьа. Карарчу хенахь маьрша ю иза.

Цунах лаьцна хаамбо "ОВД-Инфо" хьостано, иза евзачу зудчунна тIетевжина. Бакъоларъяран проекто кхин совдаьккхина дийцина дац цунах лаьцна.

ГIоьналлин "Тешам" юкъаралла схьайиллина Сакаева Гистам яйнера лахьан-беттан 1-чу буса казахийн а, оьрсийн а доза хадочу юкъанна. Шен доттагIчуьнга дIахаийта ларийнера иза, шегара кехаташ схьадаьхна, сахьт сов хан ю дозанхойн пунктехь латтон аьлла.

Хетарехь, Сакаева хилла "Караузек- Котаевка" олучу КПП-н пунктехь Астраханан кIоштахь.

2021-чу шеран гIуран-батте кхаччалц урхалла дира Сакаева Гистама ша схьайиллинчу "Тешам" организацин. 2008-чу шарахь Нью-Йоркехь "Майраллин аз" цIе йолу совгIат дира "Тешам" организацихь зударийн хаарш лакхадохуш кхахьегарна. ХIетахь билгалдоккхура, Сакаевас доьзалехь Iазап хьегна аьлла – цIийндас бакъо ца лора цунна деша а, болхбан а, ткъа Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а мухIажарийн каппашкахь нисъеллера иза. 2021-чу шарахь "Тешам" организацино гIо дира  Соьлжа-ГIалахь кхиарца башхаллаш йолчу берашна.

Сакаева Гистама лелочу цхьахйолчу социалан машанехь билгалдаьккхина, Iедалца йозуш йоцчу "Центр миростроительства и общественного развития" организацин грантийн координатор а, иштта Iедалца йоьзна йоцчу организацийн а, бакъонашларъярхойн а кхерамзалла Iалашъяран эксперт а ю аьлла. ТIаьххьара центран сайте хIиттийна хаамаш 2020-чу шеран гурахь, хIетахь хаамбора, цуьнан векалша онлайн-тренингаш дIахьо Соьлжа-ГIаларчу университететехь а, Соьлжа-ГIалин школашкахь а бохуш. Оцу юкъанна 2008-чу шарахь Нохчийчоьнан прокуратура гIиртира оцу центран Соьлжа-ГIалара векалт дIакъовлийта.

Дагестанера Хаджамалахи эвлара Хизриева Хадижат а, ПатIимат а, Газимагомедова Аминат а, Магомедова ПатIимат а 11 сахьтехь гергга латтийнера Оьрсийчоьнан дозанехь, Гуьржийчу ца юьтуш. Юьхьанца оьрсийн дозанхоша дIахьедора, зудаберийн пачхьалкхера арабовла бакъо яц, царна тIехь декхарш хиларна бохуш. Уьш декхарехь цахиларх тоьшаллаш схьакхаьчча, дозанхоша аьллера "фильтрацин барамаш" бу дIахьош аьлла. Цул тIаьхьа, арабовла дихкинарш латточу кабинет чохь сецийнера йоьIарий церан адвокатаца цхьаьна. Эххар а федералан резонанс цунах хилча Оьрсийчуьра арабовлийтира уьш.

Дозанех дехьабуьйлучу хенахь Къилбаседа Кавказан баархошна дуьхьалонаш латторах дийца даьккхира кху шеран стигалкъекъа-баттахь. Чу бита дуьхьало йечу кехата тIехь дозанхоша дукха хьолахь "Кхин долчу бахьанашца" олий билгало йора, кхета а ца деш цунах.

Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа иттех дийнахь Казахстане чувеана 200 эзар гергга Оьрсийчоьнан вахархо.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Рафаэль Надаль: Рекордный 10-кратный чемпион, побежденный в двух сетах Хубертом Гуркачем на Открытом чемпионате Италии | Теннисные новости






Натуралисты заметили краснокнижного зеленого дятла под Сергиевым Посадом

Пианист-виртуоз Култышев исполнит редкие сочинения Баха и Брукнера на концерте в «Зарядье»

Москвич, убивший жену ста ударами ножа, получил 13,5 лет колонии

Китай анонсировал военные учения в Желтом море