Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

Тутмакхаш хийцарца доьзна хила мега Берлинехь нохчо верна чувоьллинарг кхечу набахте хьажор - зорбанаш

0

Нохчийн тIеман буьйранча хилла волу Хангошвили Зеламха Германехь верна чувоьллина волу оьрси Красиков Вадим Берлинерчу набахтера "депортацига ладоьгIу нах латторан лерринчу хьукмате" дехьаваьккхина. Хийцо кечвеш хиларан тоьшалла хила мега иза.

Тегель олучу набахтин шогачу хьелийн декъехь латтош вара хьалхо Красиков, дуьйцу Welt-о. Цуьнан кхерамазалла ларъярца доьзна ду боху хьасташа иза дехьаваккхар – хьалхо а Красиков масехазза цхьана набахтера вукханхьа воккхура.

Амма Красиков хIинца Баварехь латтош хиларх дIахьедеш болу Tagesspiegel гIирс Spiegel TV хьастана тIетевжа, цара дийцарехь, кехаташца дуьстича, Красиков Айзенхюттенштадт олучу гIалара (Бранденбурган федералан латта) "депортацига ладоьгIу нах латторан лерринчу хьукмате" дехьаваьккхина.

Tagesspiegel-о йаздарехь, Телегерчу набахтехь Красиков хийцуьрг хиларх лаьцна къамелаш хезара. Красиков набахтера гIадужу-беттан 2-хь дIавигина бохуш дуьйцу тутмакхаша, ша камерера аравоккхуш цо "Путин, Путин" бохуш мохь беттара; кхерамазаллин сферерчу хьасташа иза харцдо.

Официалерчу хьаькамаша оцу хьолана комментари ца йо. Аьхка Берлинан кхелан Iедало листира, Оьрсийчоьнна а, Американа а юккъехь тутмакхаш хийцарна Красиков юкъаэца аьтто хилар, амма дан йиш йоцуш лерира цара иза. 

Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра. 2019-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинерчу Тиргартен паркехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо – харц кехаташца волу Красиков Вадим хиллера иза. Журналисташа-таллархоша бахарехь, и стаг Оьрсийчоьнан ФСБ-ца воьзна ву.

2021-чу шеран гIуран-беттан 15-хь Берлинан Лаккхарчу латтанийн кхело стаг верна бехке лерира Красиков, валлалц набахтехь йаккха хан а туьйхира цунна, хенал хьалха аравала аьтто а ца луш. Оьрсийчоьнан Iедална тIедиллира кхелахочо и зулам дар, хилларг "пачхьалкхан тероралла" ду а олуш.

Кху шеран товбеца-баттахь CNN-но масех анониман хьасташна тIе а тевжаш дIахьедира, олимпикан толамхо Бритни Грайнер, хIордан гIашсалти хилла волу Уилан Пол а герз дохкарна чувоьллинчу Бут Викторца хийца аьлла Америко хьехначунна дуьхьал Москвано Красиков Вадим оцу хийцарна юкъатоха аьллера. Дийцарехь, Красиков юкъаэцар доьхуш кхайкхам ФСБ-с лелош йолчу официалехь йоцучу зIенан каналехула бина хиллера.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Медведев рассказал, как ударился головой перед матчем с Уиллисом на Уимблдоне в 2016 году






МБМ проводит интенсив по продвижению в интернете ...

Therr Maitz, Дельфин и Антоха МС — Пикник «Афиши» объявил лайн-ап фестиваля

Двое нижегородцев рекомендованы к поступлению в ГИТИС по итогам образовательного проекта МТС

В России представили линейку камерофонов Tecno CAMON 30