Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

Шо доладелчхьана пачхьалкхан зорбанашна Нохчийчохь дайина 400 миллион сом

0
Шо доладелчхьана пачхьалкхан зорбанашна Нохчийчохь дайина 400 миллион сом

Стохкалерачу шарца дуьстича Нохчийчохь зорбанан гIирсашна доьхкина ахча 40 миллион соьмана сов ду, дерриг а доьхкина 433,8 миллион. Исс баттахь дайинчу бюджетан ахчанах лаьцна республикан премьер-министро Хучиев Муслима тIечIагIдинчу кехата тIехь ду и язина.

Документаца а догIуш, Нохчийчоьнан зорбанан гIирсашна 2022-чу шеран дечкен-баттера гезгамашин-батте кхаччалц доьхкина бюджетера 433,8 миллион сом, иштта 200 миллион сом телехьожийлина а, радиона а. Республикехь болх беш ю пачхьалкхан "Грозный" канал а, Кадыров Ахьмадан цIарах "Оьрсийчохь дуьххьара "Путь" исламан телерадиокомпани а. Субсидеш санна кхин а бюджетан 158 миллион сом дайина, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министраллина чуйогIучу хьукматашна. Царлахь ю "Чеченская Республика Сегодня", "Грозный-информ" информационан агенталлаш, "Вести республики", "Даймохк", "Зори ислама" газеташ а, иштта кхиерш а.

2022-чу шарахь Нохчийчоьнан бюджетан дефицит ю 6,5 миллиард сом.

Хьалхо Дагестанехь тIечIагIйира керла бюджет. Стохкалерачу шаре хьаьжча цуьнан бюджет шозза лакхаер ю – шолгIа шо а ду иштта нисло. Регионо доккхучул а, 28,4 миллиард сом сов дохка Iалашо ю мехкан Iедалхойн.

Волгоградан кIоштан думехь тIечIагIйина регионалан бюджет тIедогIучу шина шарна – социалан сферана 2025-чу шарахь дойу ахча лахдийр долуш ду. Оцу юкъанна ницкъахошна а, пропагандина а духку ахча алсам хир ду. Кхерамзалла латтон хьажийна ахча 70 миллионна тIера 86 миллионе лакхадоккхур ду 2023-чу шарахь. Зорбанийн гIирсийн сферехь пачхьалкхан политика кхочушъярна ахча хьала айдийр ду 277-нна тIера 379 миллион соьме.

Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бечарна оьшург латтон Кадыров Рамзана 20 миллиард сом хьажийна аьлла, дIахьедира республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлжа-ГIалахь дIахьочу кхеташонехь. Муьлха валюта ю юьйцург, цо ца къастийра, хууш дац иштта, регионан урхалхочо дайина боху ахча – Нохчийчоьнан бюджетера дара, йа цуьнан шен кисанара ду.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Хачанов победил Шевченко во втором круге турнира ATP в Риме






Журналисты узнали, как живут вне России дети Марии Голубкиной и Николая Фоменко

«Как минимум»: синоптик Леус рассказал, когда на Земле завершатся магнитные бури

Мишустин: в России продлят программу маткапитала

«Евровидение-2024» дисквалифицировало певца, признававшегося в любви к России