Хьиджаб – мода йу, динехь тIедожийнарг ду, йа кхерам бохьу цо? Нохчийн зударийн дийцарш
Билгалдаккхар: хьиджабан дуьненайукъара Де билгалдаккха дагадеънарг Бангладешера Кхан Назма йу. 2013-чу шарахь, ша Нью-Йорке дIайахча, цо коьртахь йовлакх лелош хиларна ца кхетара цунах. Хьиджабах лаьцна доллу дуьненна дIахаийта а, оцу тIехула дискриминаци лелочу зударшна гIо дан а Iалашонца, Назмас леррина сайт схьайиллира. Цу тIехь арахоьцучу хьехамаша гIортор йора хьиджаб лелочу зударшна, дуккхаъ а кехаташ кхоьхьуьйтура цуьнга, тIаккха сацам бира цо хьиджабан Де дIакхайкхон. Чиллан-беттан 1-чу дийнахь цо дуьххьара хIоттийначу барамехь дакъалецира 67 пачхьалкхера зударша. Иштта хIора шарахь билгалдаккха долийра и де.
Шайн лаамца йа бертаза?
Луизин 32 шо ду. Маре йахале хьалха коьртахь йовлакх лелош йацара иза, месаш охкийна лелайора цо. Цкъа мацца а ша хьиджаб дIатуьллар йу аьлла, ойла а ца йора цо. Бакъду, маре йахначул тIаьхьа, хIусамдас ца йитина, дIакъовлайала дийзира цуьнан.
"Суна Дала тохар дара хьиджаб тиллар. Тхан доьзал дIоггара суьпа а бацара, йа дас-нанас цкъа а аьлла дацара соьга йовлакх тилла. Сайна чIогIа везачу кIанте маре йахара со. Тхойшиъ девзинчу заманчохь, сан хинволу цIийнда кIорггера дин лелош ву аьлла ца хетара суна: цо марха а кхобура, ламаз а дора – суна и чIогIа товра. Амма со цуьнга йахначул тIаьхьа, кхин дIоггара сан са а ца дууш, жим-жима со берта йало гIертара иза", - дуьйцу Соьлжа-ГIалара йахархочо.
Луиза маре йахале хьалха шен ненаца Москва а йахана, чIогIа деза духарш эцнера цо. ЙоIа дийцарехь, йоллу кучамаш лело а ца ларийра иза:
"ЦIийндеца къамел хилира тхан, компросисс карош: цо тIе ца теIайо со, ткъа суна жимма хан оьшу, айса сацам бан аьлла. Цхьа ах шо даьлча дуьххьара нахана йукъа йелира со керлачу хотIца… ЧIогIа ийзалора, йегайора со. Массо а сайга хьоьжу аьлла йара сан ойла. Буьйсанна чуьранаш буьйшинчу хенахь, со йоьлхура".
Денна хан а карайой, цуьнца къамел дора хIусамдас. Хьиджаб тиллича шена кхин а чIогIа хазахета хьо, къовлайелла йоцуш, нехан божарша хьоьга бIаьрг бетташ, ца лало шега бохура.
Иштта дIайахара кхин а зама. Йоьдуш-йогIуш кхин а дуккха а ша санна кегий зударий, мехкарий хаалора Луизина хьиджабаш техкина, хIара йевзачара декъал йора иза, нийса харжам барна.
"Сайна ма-хетта ду сан дахар хIинца: хьиджабо цуьрриг а новкъарло ца йо суна, ютубехь лелош блог йу сан, машен хохку аса. Доьзална чу воьлла хIусамда ву сан, кхоъ бер а. Хьиджаб дIайаккхар – дегIана цхьалхайалар санна хета суна хIинца", - дуьйцу къамелдечо.
Нохчийчуьра кхин а цхьана зудчо, Мархас, ша ойла а йина, дикка дин Iамийна, дIатиллина хьиджаб: "Ас хьиджаб лело пхи шо а ду – и сан сайн харжам бара. Суо коьртаIуьйра лелла хан – сан дагахьбалам бу. ШарIехь ма-бохху лело деза бусалба зудчо духар, Дала тIедиллина ма ду и. Суна паргIат а, маьрша а хета дIакъовлайелчхьана суо".
Европера цхьахйолчу пачхьалкхехь йеха Жансари, цо дийцира шен хьиджабах лаьцна хетачух: "Нохчийчохь дуьххьара тIом боьдучу хенахь хIусамда вийра сан, шолгIа тIом чекхбаьлча, сайн шина бераца махкара дIайахара со. Шен 18 шо кхаьчначу дийнахь сан воккхаха волу кIант Шема дIавахара тхоьга цхьанга а аьлла хIума а доцуш. ТIаккха ойла йан йолайелира со сайн кхолламан, сайна тIеэгначу баланийн, суна моьттура – Дала ма-бохху лелаш йац со, цундела гатдина суна хIара дуьне."
Шен 15 шо кхаьчча дуьйна, дуккхаъчу нохчийн мехкарша а, зударша а санна, тIехьа дихкина, жима йовлакх леладора Жансарис а.
Хан мел йолу, цуьнан гонехь дуккха а бевза-безарш гучубуьйлура хьиджабаш техкина, церан къамелашка ладегIа йолайелира Жансари а: бусалба дина кIорге гIертара иза, хьарам-хьанал къастош, дино ма-хьоьхху Iадаташ лело йолайелира иза. Цхьана дийнахь дIакъовлайелира.
"Суна моьттура, хьиджабо адам Iалашдо, цуо цхьа арахьара ницкъ хьуна латтабо, со а, сан доьзал а вочух лардийр ду. 20 шо сов хан дIайахара ишта. Оцу хеначохь сан дахарехь хIуммаъ а ца тоделира. Шема вахана хилла воккхаха волу кIант а, цигахь дIакхелхира, шолгIаниг набахтехь ву – цуьнан хIусамнанна а, берашна а ахча дехьадаьккхина аьлла. Сан могушалла йисина а йац. Са карзахдаьллера сан, паргIато йайнера. Кест-кеста Делаца къамеле йуьйлура со сайн ойланашкахь: "Хастам хиларг, хьан доллу тIедахкарш кхочушдеш схьайогIуш ма йара со, ткъа ахь суна дуьне гатдина, сан дахар доьхна-даьржина".
Цхьана дийнахь хьиджаб охьа а йаьккхина, йовлакх дIатиллира Жансарис. "Дин – хьан дагчохь дерг ду, духарца дац" аьлла, тешна йу иза хIинца.
Цо бохучунна тIетов Эниса а. Ша маре йахначул тIаьхьа, ша дIакъовлайала йезар йуй хууш дара цунна: "Соьга цкъа а хаьттина дац, лаьий хьуна и лелон. Со кхета хьиджабан йозаллех, амма со ца теша, йа иза, йа, масала, маж лелор – динехь хилар а, Делах тешаш хиларан а билгадо йу бохучух".
Хьиджаб а, адамаш а
Германихь йехачу Раисина ца тара, ша коьртахь йовлакх долуш гучуйаьлча, гонахарчу нехан шега хьежар: "Дуккхаъчарна моьтту хьиджабо адам охьатаIадо, динца йоьзна экстремизм йу и, терроран тохарш а дине бирзинчу наха лелош ду. Европера нах собаре бу олу-кх, амма со дукха Iиттайелла церан цабезамца".
Хьиджабо со кху заманан йоI ца хоьтуьйту, цо адамашца йолчу уьйрашна доза туху аьлла ойла хуьлура цуьнан. Цо холчахIиттайора иза, ткъа цуьнан Iалашо йара – карьера йан а, керлачу меттигехь дIатарйала а.
"Кхаа шарахь лелийна хьиджаб дIа а йаьккхина, цхьа паргIато хаайелира суна. XXI-чу бIешерашкахь дехаш ма ду вай. Динца хилар а, Делах тешаш хилар а дIагайта шаршу йукъа хьерчадала деза-те? Вайн ламасташца догIуш хIума дац и, дала а стенгара даьлла хIара?" – хеттаршка йуьйлу Раиса.
Нохчийчохь йовлакхаш техкар дуьххьалдIа доьзна ду Кадыров Рамзанца. 2007-чу шарахь цо тIедожийра, пачхьалкхан белхашкахь болчу зударша "бусалба нехан духар" лелон деза аьлла, дагадаийтира Маринас (цIе хийцина цуьнан кхерамзалла Iалашйеш). Республикера пачхьалкхан цхьана хьукматехь болх беш йу иза.
ХIетахь дешаран министраллехь хIоттийначу кхеташонера йухавеанчу церан куьйгалхочо аьлла хиллера, лакхара охьа дина омра ду: кхана дуьйна массо а зударий балха бахка беза месаш а, хьаьж а къайладоккхуш йовлакхаш техкина аьлла. Омра кхочуш ца дийриг – балхара дIавоккхур ву, аьлла хиллера церан хьаькамо.
"ХIинца хьиджабе болу хьежам тайп-тайпана бу: цхьанна и мода хета, вукхунна маре йаха аьтто бу, цхьаболчарна – цара шаьш бина харжам бу. Амма 2000-чу шерашкахь бертаза тIедожийна хIума дара и", – бохура Маринас.
Нохчийн духар дац хьиджаб, цунна хетарехь. "Iарбойн лелар" ду иза, "бусалба нехан духар" ду а бохуш, чудеана. Махкара дуккха а зударий бара и охьайоккхур йолуш, амма кхоьруш Iаш бу цкъачунна, цхьа аьтто хиларе ладоьгIуш, чIагIдо къамелдечо.
Амма хIетте а, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказан мехкашкахь а, Советан заманан хиллачу пачхьалкхашкахь а хьиджаб Iаламат чIогIа йаьржина йу. Цхьана хенахь динца йолчу ойланца и туьллуш хиллехь а, тахана и лелош йу, кIорггера суьпа боцчара а, чIагIдо редакцица къамел динчара. Бахьанаш тайп-тайпана ду.
Нохчийчуьра социологна Мохьмадна (цуьнан цIе хийцина кхерамзалла ларйеш) хетарехь, уггар а коьртачу бахьанех ду – ламастин мехаллашка йухаберзар.
"Нахана хьал цхьатерра ца хеташ, кху заманан низамаш а хила ма-дезза болх беш ца хилча, пачхьалкхехь нийсо йанне а йц аьлла хетачу хенахь, цара тIетовжийла лаха йеза динехь. Кху дуьненахь дерриг а атта ду моьтту: къаьстина низамаш а, кхетаме структура а, цхьа а кегари боцу", - кхетадо Мохьмада.
Цо дагатесира, Советан заманахь хьиджаб йукъара йаьлла хилар, ткъа Советан Iедал доьхначул тIаьхьа иза йукъайаккха хийзарна дуьхьало йира – школашкахь, лакхарчу доьшийлашкахь а йовлакхаш доьхкура, дозанаш деттара аьлла.
"Кхо, мел тамашен хетахь а, хьиджаб лелон болу лаам кхин тIе а чIагIбо. Пачхьалкхан дехкарш бIостане тIеоьцу, бусалба духарх дуьхьалонан билгало а йеш", - бохура соцолого.
Хьиджаб мода санна
Тоххара дIакъовлабелла мехкарий тIеоьцура радикалехь болуш санна, церан духар таьIна басахь, бIаьрг тIе ца хIуттуш хуьлура. Тахана дерриг а хийцаделла – бусалба зударша а, мехкарша а сирла, къегина беснаш хоьржу, модехь хуьлу духарш а. Иза динехь лелар хилла ца Iаш, модехь хила лаар а ду, аьлла хета, шен цIе йаккха ца хIоьттинчу Нохчийчуьра этнографна.
Цо бахарехь, коьрта дакъа дIалоцу кхузахь социалан машанаша а цхьаьна. Цигахь дукха ду куьцехь хьиджабаш техкинчу мехкарийн васташ, цара а тоьшалла до, динан низамаш ца дохош, хаза хила йиш хилар."Дуккхаъчу къоначу бусалба зудаберийн цо дог-ойла иракархIоттийна. Царна хиъна, йовлакх а лелош, кху заманан дахаран дакъа хила йиш хилар", – кхетийра къамелдечо.
Политолого, "Кавказан халкъийн Ассамблейн" президенто Кутаев Руслана чIагIдо, нохчийн зударий йоллу заманахь бара дIакъовлабелла – и церан къоман культурин дакъа дара бохуш. Делахь а 1960-чу шерийн йуьххьера дуьйна, оьрсийн культура а йовзуьйтуш, "паргIатбаха" болийра уьш.
"Йукъараллин дуьхьало йойла дацара нохчийн зуда паргIатйаккхарна – цхьаьннан а бакъо йацара Компартин коьрта Iалашонна дуьахьл вала", - кхетийра цо.
Оцу йукъанна Кутаев тIетов, хьиджаб зудабераша лелоран кеп-кепара бахьанаш хиларна: "Кегийчу нахана дукха хьолахь хазахета къовлабелла, эксклюзиве зударий. Амма бу хьиджаб Дела дуьхьа, оьздангаллин дуьхьа лелош берш а".
Зуда – иза нана йу, йоI йу, хIусамнана йу, ткъа иза, массарна а хеташ ма-хиллара, масал хIотта йеза хазаллин а, оьздаллин а, бохура бакъоларйархочо Газиева Фатимас. Бусалба нехан культурехь дуккха а кеп-кепара духарш ду, нахана йукъайаьлча цуьнан куц-кеп, месаш, лаг, йа йуьхь къайлайоккхуш, динан бакъонца а догIуш, билгалдаьккхира цо.
"Хьиджаб гойла ду Малхбалера зударшна тIехь а, цигара боцчара лелош а. Хила йиш йу и Iаьржа а, беснашкахь а. Амма шеко йоцуш, и ламаст динца доьзна ду. Хьиджаб лелочу зударша дуьйцу цунах лаьцна Далла муьтIахь хилар дIагойту кеп йу иза бохуш", – дуьйцура Газиевас.
Цо билгалдоккху, КъорIанца а, Суннатца а догӀуш, кхиъна йаьллачу зудчо шен Iоврат дӀакъовла дезаш хилар, ткъа и хьал бусалба дино цхьана а шеконе ца дуьллу. Амма, бакъонашларъярхочунна хетарехь, модано бина тӀеӀаткъам хилар а тергамза дита йиш яц. Тахана дуккхаъчу брендаша а, дизайнерша а бусулба нехан духаран коллекцеш арахоьцуш йу, подиумашкахь гучубуьйлу хьиджабаш техкина мехкарий.
Ала дашна, даго хьехна туьллуш йу хьиджаб хIинца а олийла дац, билгалдоккху нохчийн социолого Мохьмада.
"Хьиджаб кхин дIа лело ца лууш меттигаш хаьа суна, амма охьайаккха йиш йац – да-нана дуьхьал ду. Цу хьоло церан бакъонаш талхайо. Коьрта ду, хьиджаб лело луучара и лелор, амма йоI лууш йацахь, йа тилларна дохкойаьллехь, цунна Iаткъам бан мегар дац. Динехь ницкъбар магийна дац. Хьиджаб йаржар – модин а, динан а хаттар хилла ца Iа. Адамашна йукъахь хуьлу социалан процессаш гучуйахар, хьал цхьана эшарехь лаьтташ ца хиларна йен реакци, тIетовжийла лехар а ду хIара. Ткъа хIара тренд мел дIайахлур йолуш йу – замано гойтур ду", – дерзийра къамелдечо.
Йуха а Оьрсийчохь йукъаралло тергоне эцна хьиджаб бахьана долуш нисделла хьал. ХIинца дийцадаьккхина Хабаровскан кIоштахь кхиазхо-йоI лацар а, цуьнгахьа гIо доккхуш нохчийн омбудсмен Солтаев Мансур вистхилар а. Оцу йукъанна республикехь Iедалхоша ца дуьйцу зударийн бакъонаш ларйеш цахиларх лаьцна.
Товбеца-баттахь Москвара метро чохь урс даьккхина хьиджаб тиллинчу йоIана тIелатар динера цхьана зудчо – газан баллон шегахь хиларна зен-зулам ца хуьлуш йисинера иза.
Охан-баттахь Новосибирскехь хьиджабашна дуьхьал рейд дIайаьхьира "Оьрсийн халкъан дружинин" декъашхоша. Бойкот йийр йу шаьш бохуш, цара тIедожийнера меттигерчу аптекехь болх беш йолчу йоIе хьиджаб дIайаккхийтар. Националистийн агIончаша дIахьедора, оцу кепара "динан терроризмаца къийсам латтош ду" шаьш.