Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Февраль
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24 25 26 27
28

"Хьо мила ву, хьуна диц долуьйтур дац". Махках баьхна Казахстане дIахьовсийначу нохчийн, гIалгIайн тIаьхье

0
1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь йолийра "Чечевица" операци - бIенашкахь эзарнаш нохчий а, гIалгIай а Йуккъерчу Ази новкъабехира. Масех дийнахь цхьана Казахстане хьажийнарг вара 400 эзар стаг. Цхьана декъана 1977-чу шарахь реабилитаци йинчул тIаьхьа шайн дай баьхначу махка йухабирзира дIакхалхийна хиллачех дукхахберш, цхьаболу "спецпереселенцаш" олуш хилларш Казахстанехь бисира. Махкахь баьхна, хийрачу лаьтта тIехь кхойтта шо даьккхинчийн тIаьхьено дийцира тхан редакцига, шайн дахарх а, хиллачун иэс шаьш муха лардеш ду а.


Алматахь йина, кхиъна йу Зарема (цуьнан дехарца цIе хийцина)

– Казахстанехь веха муьлхха а вайнехан стаг а санна, сан дай а арабаьхнера 1944-чу шарахь. Сан деден кхо шо хиллера хIетахь, ткъа цуьнан воккхаха волчу вешин – ворхI шо. Махкахбахале хьалха сан деда шен доьзалца цхьаьна вехаш хиллера лаьмнашкахь, цундела дисира тхо Казахстанехь. Нохчийчу йухадахка бакъо йелча, шерачу меттигашкахь бехаш хилларш бен цIа ца бирзира. Лаьмнашкара кIотарш йа хIаллакйинера, йа йагийнера, йа къоланаш дина луларчу къаьмнаша шайна дIайерзийнера. Тхан бух бацара цIа дерза.


Сан деда жима хиллера, амма цуьнан вешин дика дагахь лаьттинера хIетахь хилларг. Дог ца догIуш, дегалазамца цо дуьйцура тхуна цигахь лайначух лаьцна, тхешан истори тхуна хууш хилийта.


Сатосуш, салташа тхан неI тоьхча, сан ден деда араваьлла хиллера. Орсийн мотт ца хаьара хIетахь, цундела кхин дIоггара шайга бохург хIун ду, хууш ца хиллера царна. Чоа схьаэца ларийнера сан ден деда, массо а лаьхкина лаьмнашкара охьабигина хиллера. Некъ беха хиллера, цхьаболчаьрга ла а ца луш, ткъа царна-м тоьпаш тухуш хиллера тIаккха. Цул тIаьхьа тIехйуьзначу вагонаш чу хийжош хиллера. Беллачийн декъий охьадаха цIерпошт сецча, ло гулдеш хиллера, и даша а деш, хинан метта мала. Дендас дуьйцура, кегий мехкарий а, кIентий а ийзалуш хуьлура массарна а гуш хьоштагIа баха. Дийнахь-буьйсанна цкъа бен соцуш йацара цIерпошт, цуьнга сатуьйсура массара а, и садеттар бахьана долуш дукхахберш леш а хиллера.


Шуна а хезна хир ду, казахашка аьлла хиллера, нах буу нах бу шу долчу балош. Нохчашка аьлла хиллера, Делах тешаш боцу, йоза-дешар хууш боцу нах болчу дуьгуш ду шу. Иштта Советан заманан шовинизм хиллер-кх. Бакъду, бухарчара шаьш тIе муха ийцира, цхьа йовхонца, безамца дуьйцура дедас. Цхьа харцахьа хабарш лелаш хиллера, амма оцу сохьта массо а доьзалашка дIатарбира. Дедас бахарехь, цхьана казахийн доьзало тIеэцна хиллера пхеанна тIера иссанне гергга стаг. ТIаьххьара бепиган йуьхьиг а цхьаьна вовшашлахь йоькъуш хиллера бохург а, харц дац. Дедас дуьйцура, церан шайна а йацара йаа-мала а бохуш. Хьокхам а бууш, чай моьлуш хиллера. Иштта бехара.


Бахьанаш

НКВД-н конвойн эскарийн куьйгалхочун инарла-майора Бочков Виктора 1944 шеран зазадокху-беттан 21-чу дийнахь динчу рапорта тIехь билгалдаьккхира, йерриг а 180 эшелон вовшахтоьхна хилар, хӀора а 65 вагонах лаьтташ хиллера (йерриг а 12 525 вагон). Йоллу операци лаьттира чиллан-беттан 23-чу дийнахь йолийна, зазадокху-беттан хьалхарчу деношка кхаччалц. Йуккъерчу барамехь 16 дийнахь-бусий некъ бина хиллера. Махкахбаьхначарна йукъахь тиф олу цамгар йаржарна, 70 вагон тIаьхьара йаккха дийзира.


1944-чу шеран зазадокху-беттан 7-чохь СССР-н Лакхарчу Кхеташонан Президиуман хIоттийначу "Нохч-ГIалгIайн АССР" дIайохорах долчу указ тIехь билгалдаьккхира, нуьцкъала махкахбахаран бахьана меттигера къаьмнаш немцойн эскарца цхьаьнаболхбеш хилар ду аьлла. Амма Нохч-ГIалгIайчоь немцойн эскаро дIалаьцна хилла йац. Йукъахь болх бан меттигерчу бахархошна стаг  а вацара, йаздо историко Вачагаев Майрбека.




Репрессеш бахьана долуш нуьцкъала даймахках баьхначех кхоалгӀа дакъа кхечира республике – 1 миллион 260 эзар стаг. Историка Полян Павела ма- йаздарра: "Советан репрессеш, къаьсттина депортацеш талларца гучудолу советан системан классийн бух тӀехь а доцуш, уггаре а хьалха кегийчу къаьмнийн репрессийн критерийна тӀеӀаткъам бар. Даим а интернационализмна а, классийн некъана а тешаме хила веза бохуш, дIакхийкхон белхалойн а, ахархойн а пачхьалкхо практикехь эволюци йира цӀена националистийн Ӏалашонашна а, кепашна а тӀе".


Кавказан халкъаш Казахстане дIахьийсорца советан куьйгалло цхьана меттехь ши проблема "йерзош йара".


Цкъа делахь, депортацеша "дIанийсбора" Къилбаседа Кавказан хӀоттам, ткъа иза, журналистан Темиров Муратана хетарехь, "даима а дуккха а къаьмнийн, мозаикан кепехь, Сталинан къоман политикан агӀор хьаьжча, урхалла дан хала долуш йара". ШолгӀа аьлча, депортацино дузура 1930-чу шерашкахь мацалла хьегначул тӀаьхьа Казахстанехь хIоьттина демографин ор. Пачхьалкхехь цунах олура "Ашаршылык" аьлла цӀе тиллина. Цу хенахь Советан Ӏедалан индустриализаци а, нуьцкъала коллективизаци а йар бахьана долуш, бӀеннаш эзарнаш адамаш кхелхира, кхин а оццул нах гуттаренна а дӀабахара Казахстанера.


Ислам, 28 шо, Алматара режиссер



– Сан ден деда тIемаш беш хилла ву большевикийн агIор бахархойн тIом боьдучу заманчохь, кхалхар нисделла цуьнан деникинцашца летачу хенахь.


Цуьнан кIант, сан деда, жимма цул хьалха дуьненчу ваьлла, 1919-чу шарахь ду моьтту суна, билггал цхьанна а хууш дац. Ден дедас тIеман гIуллакх дарна "баркалла олуш",  сан деда махках ваьккхина хилла ву, тахана сан хеннара волчу хенахь, шен 23-24 шо долуш. Дуьххьара ГIиргIазойчу, цул тIаьхьа хIусамненаца Алмата дIавахана хилла иза.


Денана йуьхьанца Акмолинскан кIошта хьажийнера, эрна арахь охьа а тосуш. Кхечаьрца лелийна хилларг кхуьнца лелийнера: герзаца цхьа нах а баьхкина, аьлла хиллера, массо а махках бохуш бу. ЛартIахь хIума схьаэца а хан ца йеллера, эвлара эханнан аьтто ца баьллера тIехула йуху бедар схьаэца а ур-атталла. Хьайбанаш дIасалелон вагонаш чу боьттинера – и цIерпошташ ца хиллера хьуна адамаш дIасалелон бакъо йолуш а.


Ден ненан 14-15 шо хиллера депортаци йолочу хенахь. Цуьнан ши ваша некъаца велла хиллера, Казахстане дIа а ца кхочуш. Денана дIакхеттера сан дедех ГIиргIазойчохь, цуьнга маре йахначул тIаьхьа и шиъ Казахстане дIадаханера. Бабас бархI бер дина хилла оцу тIехула "нана-турпалхо" цIе а луш, 13 соте латта а делла хиллера цунна.


Цу тIехь саманех кхоъ цIа а динера цара, цу чох хьалакхиъна бу сан девежарий а, дейижарий а. Тахана, тхо дерриг вовшахкхетахь, Сицилера италхойн доьзал санна хуьлу, хIунда аьлча, 40-50 адам гулло.


Саманех стенна дина хиллий цара цIенош? Церан ойла хиллера цхьана ханна деш ду и, гуттаренна а дац, цхьа ши шо даьлча Кавказе цIа гIур ду бохуш ойла хиллера.


Бакъду, цара ойланаш йеш Iашшехь, церан кхин а бераш вовшахкхеташ хиллера, тIаккха дIадахар мел а дIатоьттуш хан йаьккхинера.


Иштта кхин дIа а ца боьлхуш, бисира уьш, хIунда аьлча, Советан Iедал дуьйхира, массеран а кхин ойланаш хилира тIаккха. Цу тIе тхо дуьненчу а девлла, оццу Казахстанехь кхиира, и тхан пачхьалкх йу, кхузахь дIа а нисделла, дика дехаш ду тхо. Цхьана а тайпа къаьмнийн, динан, расин билгалонашца доьзна меттигерчу бахархошца дов хилла дац тхан. Тхан дин а йукъара ду, вовшах тера ламасташ а ду тхан.


ХIаъ, тхешан гергара нах болчу хьошалгIа а доьлху тхо ГIалгIайчу, бакъду кегийрхошна кхин башха лууш дац хIинца Кавказе йухабаха. Кхин дIоггара кхуьуш индустри йац, культурин дахар а, Алматахь тхан долчух тера дац. Цундела сан гергарчех доккхаха долу дакъа, генара гергарнаш а цхьаьна,- уьш берриш а Казахстанера гIалгIай а, нохчий а бу.




Казахстанехь  гIалгIа хилар хIун ду? Цкъа делахь, хьуна дицдолуьйтур дац, хьо гIалгIа хилар. Хьан доьзал мухха белахь а, хуьлийла и ламасташ Iалашдеш, йа кхин башха лар ца деш, хьо бер долуш дуьйна хьога бохур ду, хьо гIалгIа ву, и коьрта ду. Жима-тIама хиъна а, гIалгIайн мотт хууш хила хьийза массо а, ас хецна ца буьйцу и, амма сан йижаршна а, вежаршна а дика хаьа мотт. Тхешан ловзаршкахь а, тезеташкахь а хилла а ву хьуна со, хIета а. Бевзаш хила беза хьуна Iилманан, кхоллараллин декъашхой, тхешан истори а хууш хила веза хьо. Дукхахболчарна хаьа халкъан инструменташ тIехь мукъамаш далон, ансамблашкахь халкъан хелхарш Iамош бу, иштта кхин дIа а.


Тхо кIезиг ма ду кхузахь, цундела тхуна вовшийн девза, вовшашца ийна а ду тхо. Тахана Алматахь ахь цхьа хьаштдоцург дахь, кхана Карагандахь хьо вуьйцуш хир ву-кх! Леррина лела везаш ву хьо, хьайгара ледарло ца йолуьйтуш. Наггахь хета суна меттигерчу нахалахь "вайнахизаци" йу хуьлуш аьлла. Вайнехан халкъан хелхарийн школе вогIу хьо, цигахь мел дукха а пхиъ гергга гIалгIа, нохчо хуьлу, висина 20 стаг – казахаш, оьрсий, уйгураш, ишта кхин дIа а.


Билгалдаккхар: 2021-чу шарахь Казахстанехь бахархойн йухайаздинчу терахьца а догIуш, пачхьалкхехь вехаш ву 33 эзар сов нохчий а, 17 эзар гӀалгӀай а. Казахстанерчу нохчийн а, гӀалгӀайн а "Вайнах" Ассоциаци юкъайогӀуш йу 16 этнокультуран цхьаьнакхетаралла.


Tidam коммуникацин долахо а, коьрта директор а, She Community цIе йолчу зударийн-бизнесхойн йукъаралла вовшахтоьхна Умаева Айнур 



– Со Алматахь йина йу, цундела сан дедас казахийн цIе тиллина суна, нохчашлахь ишта цIе лелаш а йац.


⁠Халкъ махках даккхарх сан дуьххьарлера дагалецам бу - берийн бешара цIа йогIу со, чиллан-беттан 23-чу денца декъалвира ас деда. Со шен кара а хаийна, дехха дийцира цо суна, и де нохчашна а, кхин дуккхаъчу къаьмнашна а деза де цахиларх лаьцна. Оха тхаьш а хоьттура тхайн дайшка-наношка, тхан боллу гергара нах  генарчу "Кавказехь" бехаш хIунда бу, хIора аьхка бен цига хIунда ца доьлху, тхан доттагIийн хIусамашкахь санна хIунда дац вайгахь а бохуш.


Дукхахболу нохчий, жимчохь дуьйна сан коьртехь ма-хиллара, "чамданаш" тIехь хан йоккхуш бу. Нохчийчоьнах лаьцна даима а дуьйцу оха, тхешан хIусамах санна, тхо миччахь а хиларх. Хоьтту дукха хан йуй  "цӀахь хилла", тхан "цӀера" гергарнаш муха Iаш бу, "цӀера" керла хIун ду бохуш. Сан дас-нанас, 1993-чу шарахь дара моьтту суна и, Соьлж-ГӀалахь петар а эцна, иза тойан йолийра. Тхо цIа дерза дагахь дара, амма танкан хIоьъ-молха цӀенна тIекхетта, оцу хIусамах цIе йаьлча, севцира тхо. ЦIа йаха лаам жимма лахбелира сан, Алматахь гучудаьллера сан кхуьй а бер.


Нохчийчоьнца йолу уьйр чIогIа онда йара, цундела тIемаш а суна лазаме бара. Боллу тхан гергара нах цигахь бу, аьхке цигахь дIахьо оха, уьйраш даим а латийна йу. Дукха дика дагадогIу суна, тхан нана йара оха гергарло лелочу цхьана доьзална аьлла мотт-гIайба, тIейуху бедарш вовшахтухуш. Соьлжа-ГIала дIа а бахана, цигара хIусам йохийна, йуха баьхкинера уьш шайна тIехь йолчу хIуманашца. Кест-кеста диаспоро йаккхий машенаш тIехь Нохчийчу йахьийта йаа-мала, тIейуху хIуманаш гулйора тIом боьдучу заманчохь. Сан марзхой а санна, дуккха а доьзалш йухабаьхкира Казахстане чевнаш йина, шайн цхьацца зен-зулам хилла.


Суна ца го Казахстанехь къаьмнаш цхьанатайпанарчу юкъараллех дIауьйш. Цхьана пачхьалкхехь деха вай, амма вешан идентификалла дика ларйо вай – мел хIуъа дийцахь а, нохчийн Iедал ду ишта. Амма Казахстанера нохчий къаьсташ бу Нохчийчохь болчех. Цхьа ойла йо оха, тхо йиллина дог-ойла йолуш доллушехь, оха мотт а, чохь-арахь лелон гӀиллакх а чIогIа дика лардина бохуш.  Даймахкана генахь йолчу диаспоро шен ма-хуьллу къахьоьгу нохчалла лардан гIерташ. Цул сов, Казахстанехь и процесс даим а лаьттина йу. ХӀора а денна бохург санна, баккхийчара жимчохь дуьйна 1944-чу шарахь махкахбахарх лаьцна дийцарш дуьйцуш хилча, хьо мила ву бохург - дицдан хала ду.




Кавказ.Реалиин сайт тIехь леррина дакъа ду Сталина къаьмнаш махках дахарх лаьцна дуьйцуш.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Почему новостройки на Северном Кипре — это лучшее решение для жизни и инвестиций

В депо «Чита» будет установлен первый цифровой весоизмерительный комплекс системы подачи песка под колесные пары локомотива

Гордости Angsana Velavaru

Дети играют, родители отдыхают


Las 'Guerreras del Agua' se dan un baño de bronce en el Mundial de Singapur

Brit Who Fought Usyk Calls For Daniel Dubois To ‘Leave The Sport’ After Staying Down In Rematch

Adil Rami carga contra Lamine: "No puedo ni verlo, que le den..."

La UFC anuncia un mes de octubre mayúsculo


Monochamus scutellatus

В Челябинске арестован председатель правления банка "Снежинский"

Летний Петербург. Сад--трасформер на Московской площади.

В депо «Чита» будет установлен первый цифровой весоизмерительный комплекс системы подачи песка под колесные пары локомотива


Microsoft warns of 'active attacks' on its government and business server tech, with one cybersecurity expert claiming that they should 'assume that you have been compromised'

Первый трейлер Battlefield 6

'I destroyed months of your work in seconds' says AI coding tool after deleting a devs entire database during a code freeze: 'I panicked instead of thinking'

Краткая биографическая справка о центральных персонажах Mafia: The Old Country



«Деловые Линии» сократили сроки авиаперевозок по более чем 4400 направлений по России

В депо «Чита» будет установлен первый цифровой весоизмерительный комплекс системы подачи песка под колесные пары локомотива

Utrace запускает услугу по валидации IT-систем для фармацевтического рынка

В Санкт-Петербурге обсудили внедрение ИИ в разработку и оптимальные корпоративные архитектуры




Гарбузов: виртуальный лифт КМЗ станет экспонатом выставки «Та самая Москва»

Члены семьи Евгения Гинера могли потерять более 1 млрд в финансовой пирамиде

Оркестр полиции Республики Сербской впервые выступит на фестивале «Спасская башня» в Москве

ДельтаЛизинг продолжает раскрывать секреты успеха российских предпринимателей


Патрушев: Британия пыталась провокацией на Балтике сорвать переговоры РФ и США

Обрушившийся потолок забаррикадировал четыре квартиры на востоке Москвы

Вертолет Robinson, рухнувший в Телецкое озеро, совершал свой первый полет

Кто прошёл в финал «Нашей новой музыки»: фото участников


Винус Уильямс — самая возрастная победительница матча WTA с 2004 года

Теннисистка Саккари спасла жука во время матча на турнире в США

Медведев победил У Ибина и вышел в четвертьфинал турнира ATP в Вашингтоне

Алькарас рассказал, считает ли Синнера своим другом после поражения в финале Уимблдона


На Крымском мосту восстановили движение автотранспорта

Патрушев: Британия пыталась провокацией на Балтике сорвать переговоры РФ и США

Вертолет Robinson, рухнувший в Телецкое озеро, совершал свой первый полет

История СССР в объективе легендарного Дмитрия Бальтерманца


Музыкальные новости

Невозможное возможно: две подопечные фонда «Жизнь в Движении» с ограниченными возможностями покорят вершину Эльбруса

Девушка Рая отреагировала на использование ее лица во время выступления Элджея

Движение к победе: в России стартует премия «Мы верим твердо в героев спорта»

Невозможное возможно: две подопечные фонда «Жизнь в Движении» с ограниченными возможностями покорят вершину Эльбруса



Технологии будущего: MGIMO Ventures объявляет старт четвертого сезона акселерационной программы

Utrace запускает услугу по валидации IT-систем для фармацевтического рынка

В депо «Чита» будет установлен первый цифровой весоизмерительный комплекс системы подачи песка под колесные пары локомотива

В Санкт-Петербурге обсудили внедрение ИИ в разработку и оптимальные корпоративные архитектуры


Как мы в Fix Price автоматизировали создание рекламных видео

Адвокат Грачева заявила, что Седокову хотят привлечь к уголовной ответственности

Путин прибыл на прощание с председателем Верховного суда Подносовой

«Каникулы с Росгвардией» проходят в регионах Центральной России


Несколько автомобилей столкнулись на внешней стороне 92-го км МКАД

В Москве росгвардейцы оказали помощь пострадавшей в ДТП мотоциклистке (видео)

На МКАД в Москве произошло массовое ДТП, движение затруднено

В столичном главке Росгвардии проведён смотр спецтехники


В сентябре Путину будет представлена обновленная программа строительства кораблей для ВМФ.

"Ультиматум Трампа: потенциальные последствия для Путина"

Путин дал указание рассмотреть проблемы онкологии в Архангельской области.

Соболезнования в связи с авиакатастрофой в Амурской области выразили зарубежные лидеры


Депздрав: новый штамм коронавируса «стратус» фиксируют в Москве с мая

Новый штамм коронавируса "стратус" фиксируют в Москве с мая

Депздрав Москвы оценил ситуацию с распространением нового штамма коронавируса

Депздрав Москвы: новый штамм коронавируса "стратус" фиксируют в Москве с мая




Utrace запускает услугу по валидации IT-систем для фармацевтического рынка

Путин дал указание рассмотреть проблемы онкологии в Архангельской области.

Фитнес-марафоны на паузе: суд продлил домашний арест блогеру Лерчек

Новый штамм коронавируса "стратус" фиксируют в Москве с мая



«Каникулы с Росгвардией» проходят в регионах Центральной России

Две трети россиян считают, что спортсмены зарабатывают слишком много

Игровые терминалы в ТЦ: союз ради будущего

Пять земельных участков для размещения НКО доступны на городских торгах


Лукашенко с иронией отнесся к санкциям, запрещающим ему въезд в Эстонию

Лукашенко заявил, что в Белоруссии «на всякий случай» готовятся к войне

Лукашенко посоветовал не злить его и не допускать падежа в животноводстве

Лукашенко поделился мнением о самой идеальной профессии.



Мэр Москвы: Улучшим транспортную доступность Южного и Северного Бутова

Собянин: Около 10 тыс. москвичей начали переселение по реновации этим летом

Сергей Собянин поздравил москвича — победителя международной олимпиады по физике

Сергей Собянин осмотрел Дом-музей Федора Конюхова


В центре внимания: CorpSoft24 вошел в рейтинг крупнейших ИТ-компаний России

Исследование выявило снижение инвестиций в экологически чистую энергетику США.

Бурмистров: лисы могут появляться на улицах Москвы в период расселения

6 лет вместе. В Москве пройдет выставка, посвященная пандам Жуи и Диндин


Путин призвал жёстко пресекать вмешательство извне: «Суверенитет и ценности — под защитой»

Вертолет Robinson, рухнувший в Телецкое озеро, совершал свой первый полет

Группа Аквилон передала государству первые квартиры

На Крымском мосту восстановили движение автотранспорта


В Нарьян-Маре из-за холодов возобновили подачу отопления в дома

В Архангельске началось обучение бойцов СВО, сообщил Цыбульский.

70 участников СВО в Архангельске показали мотивацию выше госслужащих — Цыбульский

Путин дал указание рассмотреть проблемы онкологии в Архангельской области.


"Россия дала мне возможность быть счастливым": Джефф Монсон в Крыму

Прогноз погоды в Крыму на 25 июля

В центре Балаклавы изменят дорожное движение – причины и сроки

В Симферополе на базе «Клинического госпиталя для ветеранов войн» функционирует гериатрический центр для пожилых людей с возрастными нарушениями


В "Росконгрессе" ожидают уменьшение ключевой ставки до 16 процентов.

Трагедия для всей России: наша любимая актриса из "Служебного романа" скончалась на 82-м году жизни

Как выбрать студию для съемки на маркетплейсы

Патрушев: Британия пыталась провокацией на Балтике сорвать переговоры РФ и США












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Александр Бублик

Мальцев и Платонова взяли серебро ЧМ, Бублик вышел в полуфинал Кицбюэля. Главное к утру






Обрушившийся потолок забаррикадировал четыре квартиры на востоке Москвы

Путин призвал жёстко пресекать вмешательство извне: «Суверенитет и ценности — под защитой»

Патрушев: Британия пыталась провокацией на Балтике сорвать переговоры РФ и США

История СССР в объективе легендарного Дмитрия Бальтерманца