Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15 16 17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Баймурадова Iайшат йерна бехке хета нах лаца кхайкхийна Оьрсийчохь

0

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь Байсаров Сайд-Хьамзат а, Иминова Карина а лоьхуш ду аьлла, карточкашца хаам хIоттийна. Нохчийчуьра йедда Эрмалойчу дIайахна хилла Баймурадова Iайшат йерна цу шиннах шеконаш йу. Бехкзуламан артиклаца ший а лоьхуш ду, ткъа Иминова билгалйаьккхина доь доцуш йайна йу аьлла. Хетарехь шен гергарчу наха а цхьана иза лоьхуш йолчух тера ду.

Иминован карточкаш тIехь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шина къоман векал санна билгалйаьккхина иза, ткъа Байсаровх лаьцна хаамаш банне а бац, хаамбина кризисан “СК SOS” тобано. Оцу йукъанна хууш дац, маца лаца кхайкхийна ду и шиъ Оьрсийчоьнан органаша, царна тIаьхьабовлар а муьлхачу Iедалан къепехула ду.

Эрмалойчоьно шеконаш йерш лехамашка белира стохка лахьан-баттахь, хаам бира Интерполе а, Оьрсийчоьне а. Делахь а 2026-чу шеран чиллан-баттахь жоп деана дацара. Баймурадова йийра Ереванехь гIадужу-баттахь, цул тIаьхьа бехкехетарш, талламан версица, пачхьалкхера арабевлла, Оьрсийчохь лечкъира.

Карладоккху, Баймурадовас гӀо дийхира бакъонашларъярхошка, жимчохь дуьйна доьзалехь ницкъ бо шена тIехь аьлла. 2025-чу шеран йуьххьехь йоI Эрмалойчу дIайигира цигахь болх а карийра цунна, социалан машанашкахь аккаунташ йиллина, шен цIарца нохчийн Iедалхошна луьйш, эфирашка а йуьйлура иза. Иминова Iайштаца гергарло тасаделлера цуьнан, гIадужу-баттахь цуьнца цхьанакхета йахначул тIаьхьа Iайшат йийна схьакарийра Ереванера цхьана хIусамехь. Арахьа хIиттийначу камерашца гучуделира, тIаьххьара цу петарчуьра арадаьлларг Иминова а, Байсаров а хилар.

Байсаров цхьана хенахь кхел йина ву терроризмана ахча латторна, амма иза бехказа ваьккхира. Байсаров Сайд-Хьамзат вешин кIант ву бизнесхочун, Кадыров Рамзанан доттагIчун Байсаров Русланан.

Эрмалойчоьнан Iедалхоша дIайолла шайн йоI дIайига аьлла, дахьийтинчу кехатна жоп ца деллера. Пхеа баттахь моргехь латтийра цуьнан дакъа. Эххар а Нубарашенскан кIоштарчу кешнашкахь Ереванехь дIайоьллира Баймурадова пачхьалкхан талламан органийн гIоьнца.Нохчийн зударшна тIехь республикехь а, дозанал арахьа а къизаллаш латторах хаттар тахана а ира долчех ду. Доьзалехь гIело латтарна цIера бевддачу махкарчу зударех лаьцна дийцарш гулдира тхан сайто. Дозанал арахьа а паргIат бац цхьаберш.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса