Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Май
2026
1
2
3
4
5
6 7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Нохчашна тIехь геноцид йина хилар къобалдайтинчех волу Европарламентан хилла депутат Дюпюи Оливье кхелхина

0

68 шо долу Транснационалан радикалан партин секретарь а, Европарламентан декъашхо а хилла волу Оливье Дюпюи Белгехь кхелхина. 2004-чу шарахь цо мацалла кхайкхийра, 1944-чу шарахь нохчийн халкъ нуьцкъала махкахдаккхар геноцид хиларх резолюци тӀеэцийта тӀеӀаткъам беш.

Йеххачу заманчохь лазар текхна велла иза, йаздо Италерчу Linkiesta сайто. Брюсселехь кху беттан 8-чу дийнахь иза дIаволла де билгалдаьккхина.

2004-чу шеран йуьххьехь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш, Дюпюис дуьхьало йеш мацалла кхайкхийра дуьненаюкъарчу "Машар а, адамийн бакъонаш а" цӀе йолчу цхьаьнакхетараллин президентах, нохчочух Ибрагимов Сайд-Эмих дIа а кхеташ. Дюпюис мацалла лайнера 36 дийнахь, Ибрагимовс- 42 дийнахь. Эххар а Европарламенто къобалдира нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар геноцид хилар.

2017-чу шарахь тхан сайтана йеллачу интервьюхь Дюпюи Оливьес дӀахьедира, дуьненайукъарчу институто дуьххьара къобалдо хьалхо къайладаьккхина йа харцдеш хилла мехала политикан а, историн а бакъдерг аьлла.

2004-чу шеран чиллан-беттан 26-чу дийнан резолюцин 15-чу могIарехь йаздина ду: "…1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь Сталинан омраца доллу нохчийн къомана Йуккъерчу Ази депортаци йар геноцидан акт йу 1907-чу шеран Гааган ЙоьалгIачу Конвенцино а, геноцидан зуламашна дуьхьало латточу ООН-н Инарла Ассамблейно 1948-чу шеран гIуран-беттан 9-чохь тIеэцначу Конвенцица а билгалдаккхарца" аьлла.1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь йолийра "Чечевица" операци. БIеннашкахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхна Йуккъерчу Ази дIабигира. Масех дийнахь Казахстане дIакхачийра 400 эзар гергга стаг.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса