"ХIинца кху гIалина чохь са дац". ТIом балале хьалха хиллачу Соьлжа-ГIалех лаьцна бахархойн дагалецамаш
Хилла а йоцу гIала
– Суна чIогIа дика дагайогIу гIала 1977-чу шарера схьа дуьйна, хIетахь со деша хIоьттинера Нохч-ГIалгIайчоьнан Толстойн цIарах йолчу пачхьалкхан университете, - дуьйцу Доккас, тахана 64 шо ду цуьнан. – ХIаъ, цул хьалха а хилла со-м гIалахь, со школехь доьшуш волчу хенахь, амма хIетахь цхьа наггахь бен ца вогIура со гIала. Йуьртара бахархошлахь забарш хуьлура лелаш: "ГIала а дахна, морожни а йиъна, трамвай тIехь хехкалур ду" бохуш. ХIетахь а, хIинца а Соьлжа-ГIала цхьа наггахь волчо бен ца олура – гIала олий, йоккху цуьнан цIе: "гIала гIур ву", "гIала ваханера" олий, дуьйцура.
1970-гIа шераш йуккъе девллачу хенахь Соьлжа-ГIалахь, къаьсттина гIалин йуккъехь, хийцамаш бан болийра: керла гIишлош гучуйуьйлура, Ленинан цIарахчу урамехь лохий кораш долу цIенош дуьссушехь.
Мачаш тойен а, месаш лоргу а дуккха а меттигаш бара, цигахь, дукхахболу белхаш бийраш хуьлура эрмалой, йа мухха делахь а, суна ишта хеттехь а.
ГӀалахь йаккхий эрмалойн а, жуьгтийн а йукъараллаш йара. Дуккха а жуьгтий бехара Московская урамехь, цунах "Жуьгтийн слободка" олура. Цигахь долу цӀенош кегий а, лоха а дара. Оцу кӀоштахь даима а къаьркъа а, цигара эца йиш хуьлура, оцу меттиган чIогIа ларам бора студенташа. Эрмалой бара дӀатарбелла Бароновкехь а, ткъа нохчий а, гӀалгӀай а Калининан, Мичуринан эвлашкахь а, Соьлжахь а бера. ГӀалин йуккъехь бехаш бара партин куьйгалхой а, таро йолу нах а.
ХӀетахь Соьлжа-ГӀала чӀогӀа баьццара гӀала яра, Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна уггаре а баьццара лоруш йара иза.
Билгалдаккхар. Соьлжа-ГIала кхоьллина 1818 шарахь Оьрсийн империн эскаран инарло Ермолов Алексейс, Къилбаседа Кавказан оцу декъехь Оьрсийчоьнан дакъа дуй хоуьйту, гӀап санна. Цул хьалха гӀалин лаьтта тӀехь 20 гергга нохчийн йурт а, кIотарш а йара, тӀемаш дӀахьочу заманчохь хӀаллакйира уьш. Советан Ӏедалан муьрехь Соьлжа-гӀалех хилира мехкадаьтта даккхаран а, цӀандаран а пачхьалкхан уггаре йаккхийчу центрех цхьаъ, иштта мехала транспортан станци а йара и, кхиъна индустри а йолуш, Ӏилманан-техникан ладаме потенциал а йолуш.
Пачхьалкхан университетан цхьайолчу кафедрашкара студенташ Минуткехь (Грозный-гӀалин майда – Ред.) хиллачу йукъарчу хIусамехь бехаш бара, ткъа университете трамвайца, автобусца, йа гӀаш аьчканекъ а хадош дӀакхочура, – кхидӀа а дуьйцу Доккас. – Цкъацкъа мохь дIасакхоьхьу цӀерпошт богIучу хенахь вагонашна кӀелахула дехьаладовла дезара тхан, къаьсттина мехкадаьтта дохьуш йолчарна. Кест-кеста дIасалелара уьш, некъ маьршабаларе сатуьйсучу цара, тхуна дехьадовлийла дӀакъовлура.
ГӀала йуьзна йара стоьмийн диттех: Ӏежаш, баьллаш. Тхан йукъарчу хIусамна хьалхха номер 3 а, 5 а йолчу трамвайн социйла йара, студентийн университете кхаччалц царна тIехь дIагIойла дара. ТӀаьхьо царна тӀекхийтира номер 6 йолу маршрут а, университетан керла, кхоалгӀа корпус йолчу микрорайоне воьдура цу тIехь, цигахь йара физикан-математикан, биологин-химин, географин факультеташ.
Ленинан урамехула дIасалелаш йара номер 7 йолу автобус – дукха хенахь Венгрин "Икарус" олу йеха автобус хуьлура можа басахь, пондар аьлла бахархошлахь цIе а йахна. Iуьйранна а, суьйранна а автобусаш а, трамвайш а тIехйуьзна хуьлура: шен заводаш а, фабрикаш а йолуш, белхалойн гIала йара Соьлжа-ГIала. Трамвай тIехь дIасавоьдург мах бара 3 кепек, 5 кепек йоьхура автобусахь – студентийн лоруш йара и автобус. Цкъацкъа "шикануть" дора оха – сом лой такси тIехь дIадоьлхура.
1980-гӀа шераш дуьйлалучу хенахь, гIалин транспортехь йа нах гуллучу меттехь, цхьаммо нохчийн йа гӀалгӀайн мотт буьйцуш хилча: "Тхо кхетачу маттахь дийцал" олуш хезара. ХӀаъ, иштаниг а нисделира... Университетан территори йиллина йара: хьалхарчу а, шолгӀачу а корпусашна йуккъехь сквер йара, тов хIоьттинчу хенахь студенташа садоIура цигахь. ШолгӀачу корпусехь дика кхача кечбен кафе йара. Минуткера йукъарчу хIусамна уллохь йара массарна а гIарайаьлла, йезаш "Махачкала" цIе йолу кафе.
Университетана гонах лаьтта тIехь дина цIенош дара, цигахь дукха хьолахь студенташа хан йаккха чоьнаш лоьцура. Физкультура арахь хуьлура Кировн цIарахчу паркехь, гIашлойн тIайтIехула а довлйи, доьлхура тхо цу парке.
ХӀетахь Соьлж-ГӀалахь нохчийн а, гӀалгӀайн а цӀераш йолу урамаш дацара ала мегар долуш, наггахь бен ца хуьлура. Нохчийн цӀе йолуш хиллачу меттигашна йукъахь дагахь лаьттарг йу Ленинан урамера тоннельна уллехь хилла "Дашо Сай" кафе. ДогӀанаш оьхучу хенахь кест-кеста хи чудолура цунна, хӀунда аьлча, гӀаличохь чIогIа тIе ца тоьара догIанан гулдалар чекхдолу канализацеш.
Соьлжа-ГIалин ширачу гIишлошлахь къаьсташ дара 1917-чу шеран революци хилале хьалха динчу совдегаран Мирзоев Абубакаран цIа, цуна ишта ала а олура "Абубакаран цIа". Цуьнан хьалхарчу гIат тIехь "нохчийн гастроном" йара. Ленинан коьртачу майдана уллохь йара кхин цхьа гастроном, директоран фамилица йолу – "Аракеловн". Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь а, лахьан-беттан 7-чохь а хIиттош йолу демонстрацеш йоьрзура оццу майданахь: хIиттайора трибунаш, цу тIера къамелаш дора меттигерчу хьаькамаша, маршалла хоттура ветеранаша гулбеллачаьрга.
Уггар дукхайеза меттиг йара йарташкара бахархойн масех кинозал, буфет а йолу Челюскинцийн цIарах кинтеатр. Студенташлахь йоьвзуш меттигаш йара "Родина", "Космос" кинотеатраш, циггахь йара "Садко" бассейн а. ТIаьхьо Орджоникидзен цIарахчу проспектера хьехархойн институтан коьртачу корпусна дуьххьал "Юбилейный" кинотеатр а, тоннельна уллохь "Юность" а гучуйелира. Залаш даим а дIайуьзна хуьлура, къаьсттина хIиндойн кинош гойтучу хенахь.
Шен дика куц-кеп хиларца къаьсташ йара, 1066-чу шарахь схьайиллина Чеховн цIарах йолу библиотека. Цуьнан фондехь йара 1994-чу шарахь 2,6 миллион экземпляр.
Со тешна ву, "Детский мир" туькана а, Нохчч-ГӀалгӀайн КПСС-н обкоман гӀишлонна а уллохь йолчу "Столичный" кафетерера пирожнийн чам тахана а дагабогӀуш хиларх дуккхаъчу Соьлжа-ГIаларчу бахархошна. Революци хилале хьалха оцу гӀишло чохь йара Азов-Донан банк. ТӀаьхьо иза Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университете дехьайаьккхира, ткъа обком керлачу гӀишло чу дӀайахара, тӀаьхьо цунах хилира Президентан цӀа. 1994-1996-чу шерашкахь хиллачу тӀемашкахь йохийра и хIусам. ХӀинца оцу меттигехь йина "Грозный-молл".
Куьйган ловзарийн "Динамо" стадионехь а, стадионна уллохь а концерташ хуьлура советан а, кхечу пачхьалкхийн а гӀарабевллачу артистийн. "Терек" футболан клубо шен ловзарш дӀахьора Орджоникидзен цIарахчу стадионехь, цунна уллехь дара Ленинан цӀарах культуран цӀа.
Московская урамера Алик а, "Монтана" джинсаш а
- Суна шира Соьлжа-ГIала, тIом балале хьалха хилларг йу, - хIокху дуьненахь а уггар а хаза гIала. Сан бералла а, къоналла а цигахь дIайахна хиларна хила а тарло ишта, ма-дарра аьлча, со суо а висина цигахь, - дуьйцу 56 шо долу Салавдис. – Кхин цкъа а хир йоцу атмосфера йара гIалина, историкаша бахарехь, нохчийн йартийн чимаш тIехь инарлас Ермоловс иза йина йелахь а.
Суна йезаш йолу шатайпа меттигаш йара. Цу йукъа йогӀу Челюскинцийн кинотеатр а, Революцин проспектехь хилла гӀарайаьлла "Аракеловн" туька а - суна чӀогӀа хазахийтира и паччахьан заманахь йина йолу ша гIишло. Циггахь йара кафеш а, цу кӀоштарчу тхайн тобанца сакъоьрура оха цу чохь.
Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкоман хьалхара секретарь Власов Александр волчу хенахь, гIала жигара йуха йеш йара, чIогIа хаза, шира цIенош дIадохура. Дог лозура и сурт гуш.
Тхан тоба – ворх стагах лаьтташ йара: кхоъ нохчо, шиъ оьрси, эрмало, жуьгти. Иштта интернационал йар-кх. "Богатырь" туька йолчу меттигехь Iаш дара тхо дерриш а, тхаьш "центровой" хетара тхуна.
Тхан цхьа жуьгти доттагӀ вара Алик цIе йолуш, Московская урамехь вехаш. "Спекулянт" - иштта олура царах хӀетахь. Цуьнгара даима а модехь йолу хӀума эца йиш йара. Тхан йерриге а компанино джинсаш эцнера цуьнгара. Хабарш дуьйцура, цо уьш цхьана ларми чохь ша тоьгуш йу бохуш, амма цо дуйнаш дуура, уьш бакъйолу Montana йу бохуш. Тхуна кхин бен-башха а ма ца хетарий, коьртаниг дара – и джинсаш а йоьхна, сарахь гӀали йуккъе довлар.
Тхуна чӀогӀа дезара суьйранна гӀалин йуккъе довлар. Дукха хьолахь, суьйранна "Юбилейный" хьалха гуллора кино йолайалале – и кинотеатр "курачу" нехан меттиг лоруш йара. Дера тхуна тхаьш а ма-хетара кура, къаьсттина Московскерчу Аликан джинсаш йоьхча. Цкъацкъа летарш а нислора, дукха хьолахь зудаберашна тӀехула. Кхечу деношкахь Минуткехь Сайд-Селим волчохь вовшахкхетара тхо. Иза ша бакъволу "Битлз" тобанан фанат вара, шен дерриге а ахча церан пластинкаш оьцуш дойура цо. Со цунах цкъа а ца кхетара.
Цхьа тамашен зама йар-кх и, атта: гIайгIа а, бала а боцуш, кхераме цхьа а хIума а доцуш. Тхан йоллу компанех со цхьаъ висира гIали чохь ваха. Хьалхара тIом боьдуш цхьаберш белира, цхьаверг дIавахара.
Хьач къевсина вовшах латар а, велла дIаваллалц тасаделла доттагIалла а
– Соьлжа-ГӀала вуно дукха къаьмнаш шена чохь дехаш гIала йара, цо ша-тайпа чам лора цунна, дагалоьцу шен а 56 шо долчу, хӀинца а Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь вехачу Тамерлана. – Суна дага ца догӀу, хьан аьлла, гӀала – и гӀишлош а, проспекташ а йац, цу чохь беха хьуна дукха беза нах бу. Ткъа суна шира Соьлжа-ГIала - уггар хьалха, цигахь даьхна, суна хьоме хилла адамаш ду. Царех цхьаннах лаьцна дийца лаьа суна, сайн дорттагIчух, дуккха а шераш хьалха Соьлжа-ГIалахь вевзира тхойша. Тахана а цуьнца лелош мерза гергарло ду сан.
Тхан доьзал Бароновкехь бехаш бара, цигахь бехаш тайп-тайпанчу къаьмнех нах бара, амма дукхахберш эрмалой. ХӀетахь сан 14 шо гергга хан йара. Тхан цӀенна хьалха кхуьуш хьочан дитт дара. Дукха хьолахь берийн аьтто хуьлура хьечаш кхачам боллуш кхиъна а довлале, уьш дIадууш. Цхьана дийнахь гӀанта тӀехь хиъна Ӏачу сан бIаьрг кхийтира диттан буьххьехь болчу боккха кхиъначу хьочах. ГIаж а йетташ, иза охьабожон гIертара со, хьацарх вуьзнера со и схьабккха гIиртина. Ас ца деш хIума ца дитира, амма хьочана тIе кхочуш вацара со. Цунна тIе суо мел ца кхочу а, цергех хи а тосуш, чIогIа мерза хетара суна и.
Уллохула дIавоьдуш ву-кх сан хенара цхьа кIант. Меллаша гIаж схьаоьций, и ластийна хьач охьабожийра цо. ТIаккха шен майкех хьаькхна цIан а бина, баа волавели-кх. Сан цIена мотт сеццера, цунах цецваьлла. Йуха ас боху: "Хьажахь, и сан хьач бара хьуна". Цо боху-кх: "Хьан муха хуьлу и? Ас ма божийра иза". Дош дашера даьлла, тхойшиъ вовшах тасавели-кх. Луларчу Николайс дIасаваьккхира тхойша. Стенна тIехула леттера шена дIахиъча, дукха вийлира иза, тхойшинна эхь а хоьтуьйтуш. Иштта вевзинера тхойша.
ХIетахь дуьйна уллора ши доттагI хилира тхойшиннах. Абазин хиллера иза. Хьалхара тIом болабелча, цуьнан доьзал Нальчике дIабахара, амма тхошинна доттагIалла цу тIехь ца хедира. Суна оьшучу хенахь, даим а соьца хуьлу иза. 2008-чу шарахь сан да кхелхича, Iуьйранна дара и, пхи сахьт долучу заманчохь. Вашас йаздина хиллера сан доттагIчуьнга, сингаттам баьллий хоуьйтуш. Iуьйранна бархI сахьт даьлча Руслан тхан уьйтIара тезетахь лаьтташ вара. Со хIинца а кхеташ вац, иза муха ларийнера. Оьшучу хенахь даим а хьалха орцах вогIу иза, аса цкъа а хаа а ца хоуьйту цуьнга, цунна шенна хаьа-кх. И йу сан Соьлжа-ГIала, сан гIала…
"Романтикалле зама йара и"
– Бакъдерг аьлча, хIинца гIала йевзар а йац. Дикачу а, вочу маьIнехь боху ас.
Хьалхара шина дийнахь сайн девешин кӀантаца дIасалийлира со, хӀунда аьлча, суна хуур дацара, и меттигаш йевзаш цахиларна, - бохура, 2003-чу шеран йуьххьехь махкара дIайахначу 51 шо долчу Амната. Дуьххьара стохка йеара иза Соьлжа-ГIала. – Бакъдерг дийца деза, гIала дукха дика меттахIоттийна. 2003-чу шарахь суна хетара, иза цкъа а меттахӀоттор йац аьлла.
Сан дагалецамашкахь Соьлжа-ГӀала чӀогӀа баьццара гIала йара. Цу шерашкахь цигахь баьхначарна хаьа ас хӀун дуьйцу. ГӀала дитташа дIайуькъна йара: туьркийн, баьллийн, хьечийн. ДагадогӀий хуна, Антонов Юрийн илли тӀехь дар-кх: "Пройду по Абрикосовой, сверну на Виноградную?" Охан-баттахь, зазадоккхуш долчу хенахь, тхан урамехь, къаьсттина Ӏуьйранна, туьркийн, Ӏежийн хьожа йетталора. Кевнах араволллушехь, берриг а урам кӀайн зезагийн гIах буьзна хуьлура. Стоьмаш кхиъча, бераш дитташ тӀера охьа а ца довлура. ДагадогӀу суна, сан ах йуьхь а, куьйгаш а кIарула Iаьража хуьлура комарш йиъна.
ХӀинца а биц ца ло суна "Столичный" кафетерехь йухкуш хиллачу "заварной" олучу пирожнийн чам. Иштта чомехь хӀума кхечанхьа кхин йиъна хир йац айса аьлла хета суна. Сайн ненайишица цхьаьна (иза пхи шо бен йоккха йацара сол а) со кест-кеста "Космос" кинотеатре йоьдура, цигахь кест-кеста гойтура хӀиндойн кино. Мел дукха бӀаьрхиш Iенийра оха цигахь... Ткъа сеанс чекхъйаьлча, даим а цхьа кӀант тIаьхьаволура сан ненайишина, цIа кхаччалц дIакхетайора. Иштта цхьа романтикан хан йара и, кӀант йоӀана тӀаьхьа а волуш, иза мичахь йехаш йу хаархьама.
Вайн цирк дукха йезара суна. Акробаткаш чIогIа хазахетара суна. Кест-кеста урокашкара уьдура тхо трамвай тIехь хехкадалархьама. Хьалхара цхьа маршрут йара, го боккхура цо. Минуткехь тIе а ховший, ах гIалахула чекхдовлура тхо, йуха цигга йухадогIура.
Тахана гIала керла йу, къегина йу. Со йоккхайоь и меттахIоттийна, амма халахеташ делахь а, цхьа а йовхо йац цуьнца, цхьа паргIато ца хета. ХIетахьлера трамвайш а йац, цара а цхьа башха атмосфера кхуллура, кхаьсттина догIа догIучу суьйранна. ТIом бирзича, эчиг лехьочу наха рельсаш бухйохуш, суна моьттура, цхьа тхешан, тхуна мехала хета хIума цара лачкъош йолуш санна. ГIала меттахIотточу заманчохь йукъара лартIахь транспорт хилийта ойла стенна ца йира цара? Атобусаш йац, троллейбусаш а, трамвайш а йац – йеккъа цхьа маршруткаш йу-кх. Ткъа хIинца оцу гIалина чохь са а дац. Хаац суна-м, къоначарна ишта ца хета а тарло.
1994-чу шеран гIуран-баттахь болабеллачу хьалхарчу тIамо вуно чIогIа хийцира регионан политикан карта, и тIом хьакхабелира эзарнаш бIенашкахь адамийн кхолламех. Бакъоларйархочо, адвокато, "Мемориалан" хиллачу декъашхочо Гисаев Ахьмада дийцира тхан редакцига оцу бохамах шен бисинчу дагалецамех лаьцна.