Добавить новость
ru24.net
Radiomarsho.com
Октябрь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

"Цензура а, нахана кхерамаш тийсар а". Нохчийчохь блогерш чоьте эца болийна

0

10 эзар сов стаг аккаунте йазвеллачу инстаграмера блогершна тIедиллина хилла регистраци йар - дирзина. Оцу тIехула йоккха гIовгIа йаьллера социалан машанехь меттигерчу бахархошлахь а, контентан авторшлахь а. Ӏедалша и инициатива блогерийн болх кхин тIе а нисбан а, царна цхьацца пайде хIума йукъадаккха а Iалашонца долийна шаьш боху. Ткъа цунна резабоцурш тешна бу, шайна тIехь терго латтон а, дешан маршо къовла а дагахь долийна ду аьлла.

Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан министраллехь дIахьош хилла и регистраци гезгамашин-беттан 15-чу дийнахь йирзира. Забаре контент зорбане йоккхучарна тIера динан хьехамаш бечарна тIе кхаччалц болу махкара блогерш шайн паспорташца тIебахка безаш бара.

Регистраци йирзинчул тIаьхьа дIахьедира, шайн болх сацон тарло, йа цхьа новкъарло хила тарло моьттуш, кхоьруш болу блогерш паргIат хила мегар ду аьлла. "Кхин а дика болх хир бу шуна", - чIагIо йира Нохчийчуьра кегийрхойн кураторо, и регистраци йайта дагадеанчу Сугаипов Iамира. Иза хIун ала гIертара, хууш дац. Ишта цо дийцира, "Шеран блогер" йа "Шеран коуч" номинацешкахь совгIаташ дIасадоькъур ду шаьш аьлла. Уггар а тоьллачарна, бохура, леррина карточкаш лур ду "Къоман кIант", "Къоман йоI" аьлла. Кхин сов даьккхина цунах лаьцна а ца дийцира.

Iедалхоша йуьхьарлаьцнарг дийцадаьккхира: социалан машанашкахь регистраци йар тIедожош дIайазйинчу видеона бухахь йаздора, "кадыровхоша адамаш бале лаьцна"; хоьттура, Нохчийчохь хIаваъ мехах дохка маца дуьйлалур ду шу; бохура "!Путина вайн халкъ кIелхьара даьккхина" бохуш, вайга контент йайта хьийзар бу уьш тIаьхьа бохуш.

Оцу комментарешна жоп луш, кегийрхойн кураторо бехке бира уьш питана лелорна, тешийра, Ӏедалхой "блогерш цхьаьнатоха" а, церан болх "дика а, цӀена а" бан а Iалашонца лелаш ду аьлла. Бакъду, цо харц ца дира кадыровхоша интернетехь "товш доцург лелош берш" совцориг хилар.

Хьалхо Сугаиповс зударийн духарш духкучу туьканийн а, хазаллин салонийн а долахой а, моделаш а вовшахтуьйхира Соьлжа-ГIаларчу муфтиятехь. Цо дийцира мьлхачу рекламо дохош ду "дайн Iадаташ": масала, модел-йоI "цкъа хьалхара а, йуха агIонгара а,тIаккха тIехьашха а гойтуш, йуха меллаша букъа тIера дуьйна цуьнан дайн болар гойтуш" йолу реклама хьахийра цо. И тайпачу видеоша духаршна реклама ца йо, дIахьедира Кадыровн гӀоьнчас.

Тоххара дуьйна а контрол латтто гIертарХIара дуьххьаралера хIума дац Нохчийчохь блогерша лелориг низаме дерзо гӀертар. Цу кепара дӀахьедарш дира 2021-чу шарахь хӀетахь республикан парламентан спикер хиллачу Даудов Мохьмада а. Иза реза вацара нохчийн кегийрхой шайна девзаш а доцчу махкарчу зудаберашца интернетехула зӀене бийларна.

2023-чу шарахь Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, "нохчийн халкъан мехаллаш" шеконе йохуш болчу меттигерчу блогершна дуьхьал "луьра гӀулчаш йаха йеза" аьлла. И омра цо дира, махкарчу спортхоша-блогерша Тамаев Асхьаба а, Эмиев Ӏарбис а дастаме видеош йаьхна аьлла, цаьргара бехк баьккхинчул тӀаьхьа.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кӀанта, цуьнан хьехамча волчу Кадыров Хьамзата а элира социалан машанашкахь нохчийн гIиллакх-оьздангалла ларйеш боцчу бахархошка, Ӏедалша цу тайпа аккаунташна тӀехь терго латтор йу аьлла.

Цу кепара дӀахьедарш дира ишта регионера кегийрхойн гIуллакхашкахула болчу хьаькамаша а. 2023-чу шарахь министро Ибрагимов Ӏийсас кхерамаш тийсира социалан машанашкахь лайв-стримаш йечу кегийчу зударшна: "Суна шу кIордийна, ас иттаннашкахь лоьцур ду шу, нахала а дохуш…Цундела, гIоле ду шуна ларделча, аса цхьа "доккха дагахь доцу совгIат" дийр ду шуна аьлла, тIе а тухуш.

Цул тӀаьхьа шо даьлча Кадыровн воккхахволчу кӀанта, регионерчу кегийрхойн гӀуллакхашкахула министр хIоттийначу Ахьмада а дӀахьедира, социалан машанашкахь шайн лелар "нохчийн култураца а, менталитетаца а" бӀостане долчу меттигерчу бахархошца "кхетош-кхиоран" къамелаш дӀадахьа дагахь хиларх лаьцна.

Оцу йукъанна муха лела веза, хIун лело деза хьоьхуш цхьана а кепара йа тептар а, йа документ а кечдина дац тахханалц.

Блогершна хетаргТхан редакцица къамел дан реза хиллачу блогерша, шайна а, махкахь бехачу шайн гергарчу нахана а сингаттам баккхарна кхоьруш, цIераш къайлайахьар а доьхуш, дийцира кадыровхоша йукъайаьккхинчу инициативех лаьцна. Маршо Радионо кест-кеста дуьйцу Нохчийчохь цхьана вахархочьунгара ледарло, гIалат далахь, цуьнан цIийнах мел верг жоьпалле озош хииларх лаьцна.

Йалх шарахь оьрсийн маттахь самукъане блог лелийначу Асхьаба, шен аккаунт дIайаьккхина. Изза дина, масала спортхочо-блогеро Эмиев Iаьрбис а, Вахарагов Асхьаба а.

"Дуьххьара регистраци йарх лаьцна хезча, ас и дехар тергал ца дира, тIаьхье йоцуш долийначохь и дуьсур ду аьлла. Амма шолгӀа а дӀахьедар дича, цунах сайна хьовзам ца балийта, ас сацам бира аккаунт дIа а йаьккхина, паргIат вала", - аьлла дийцира цо.

Иза тешна ву, Ӏедалшна тIеIаткъам бан а, шайна тIехь терго латто а, шайгара сом даккха а, шайн цхьа идейш хьалхайаха а Iалашонца долийна хIума ду и аьлла.

Блог лелорца жимма аьтто хуьлура Асхьабан, цо забаре роликаш йохура машенийн гIирсаш бухкучу туьканашна а, спортан сурсатийн туканашна а реклама йеш. Цуьнан балха тIехь лучу алапана тIе -доккха гIо хуьлура цунах.

Нохчийчуьра аэродизайнан бизнесан долахо регистрацех чекхйаьлла, шен массо а кепара сингаттам хиллашехь, хӀунда аьлча блог лелор чIогIа пайден а, маьIне а ду цо лелочу бизнесехь.

"ХIара болх ас лело 15 шо ду, ткъа суна ца лаьа сайн аудиторих дIахада, хӀунда аьлча, социалан машанашкахь бизнес йаржорехь мехала ду блог лелор. Цара, суна хетарехь, цхьа шатайпа йасакх тIейожор йу, вуьшта стенна йукъадоккхур лара цара и хIума? Со ца теша, тхуна пайда хилийта лелош ду аьлла", - мукӀарло дира цо.

Нохчийн кхачанаш кечбеш, и дерриг а дIагойтуш блог лелочу жимчу зудчо дийцира, шена цхьа а маьӀна ца го регистраци йарх аьлла: "Ас кхача кечбо, рецепташ йоькъу сайн агIоне йазбеллчарна. Ас йуьртара тхешан Iер-дахарх лаьцна видеош йоху, сайн котамаш, цицигаш а гойту. Со политикехь дакъалоцуш йац, бархI эзар сов стаг бен вац сан агIоне йазвелла а. Суна ца хаьа, цу процессехула чекхйала деза сайн, йа ца деза. Ла а доьгIна, хIума дийр ду аса".

"Цензура а, кхерамаш тийсар а"Итт эзар сов стаг волчу блогерийн федералан реестр дӀайолийнаОьрсийчохь 2024-чу шеран лахьан-беттан 1-чу дийнахь, Нохчийчоь де-факто Оьрсийчоьнан низаман гурашкара дӀайаьккхина хиларна, регионан Ӏедалш декхаре ду центран Ӏедалан барамаш карлабаха. И дерриг а стенна лелош ду, церан Ӏалашо йу Оьрсийчоьнан бозуш боцчу хаамийн гӀирсаша йаржочу информацина тIехь тӀехь Ӏуналла чӀагӀдан, кхетийра цунах Оьрсийчоьнан блогеро Адагамов Рустема.

"Дера хIета цензура а, кхерамаш тасар а ма ду хIара", - доцца элира цо тхан редакцина йеллачу комментарехь.

Итт эзар стаг шайн агIонашка йазвеллачу блогершна регистраци йар федералхойн тIедожоро ишта а доза тухуш ду хаамаш баржо бакъо хиларна, машанехь къайлах лела бакъо а ца йуьту, амма нохчийн инициативаш кхин а гена йевлла йоьлху, бохура тхан сайтаца хиллачу къамелехь, кхерамазаллин бахьанашца шен цӀе ца йаккхар дехначу хаамийн гӀирсийн бакъонашларъяран эксперто.

Республикехь муьлхха а йукъараллехь мехала йолчу информацина тIехь терго латто гIерта нохчийн Iедалхой, аьлла хета тхоьца къамел динчунна. Дуккха а хеттарш кхуллу, бохура цо, и процедура цхьа хан а тоьхна дIахьош хиларна а, цунах кхетош дуьйцуш ца хиларна а.

"Масала, хьенах хьакхалуш йу и регистраци? Республикехь бехаш болчех, йа оцу махках лаьцна йаздечех а хьакхало? Нохчийчоьнан куьйгалло республикин дозанал арахьа бехачарна онлайн-регистраци йан аьтто баьккхина шаьш бохуш хилча, хьесап дойла йу, цIера дIабахнарш а цунах чекхбовла декхаре бу аьлла. Ткъа и стаг даймахкара дIавахна, амма цунах лаьцна йаздеш вацахь? Йа цкъа а цигахь ваьхна вац, амма цунах лаьцна йаздеш ву, тIаккха? Дуккха а хеттарш дуьту, ткъа царна жоьпаш доцуш ду", - тидам тIебохуьйту эксперто.

"Блогершна пайден хир ду", церан болх тобеш цхьацца хьелаш кхуллур ду шаьш бохуш, Iедалхоша чIагIонаш йеш йелахь а, юристо бохура лаккхара кхерам лаьтта: "Кхузахь хазаниг хIун ду аьлча, Iедалхоша дуьйцуш дац, шайн тIедахкарш кхочуш ца динчарна хIун таIзар дийр ду шаьш, церан "аккаунташ социалан машанашкара дIайахар" доцург. Кхеташ дац, муьлхачу низаман буха тIехь нохчийн Iедалхоша йаздийр ду «ВКонтакте» йа телеграман куьйгалле, аккаунт, йа канал, йа тоба дIайаккха аьлла. Схьагарехь, санкцеш низаман гурашкахь хир йац. Цундела кхерам лаккхара лаьтта, амма юридикаца боьзна бац и".

Нохчийчуьра блогераша карарчу хенахь хIоьттинчу хьолехь хIун дан деза-те аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш медиаюристо бохура, цхьана а нормативан-бакъонан акто магийна йоцчу регистрацех чекхбовла аьлла, хьоьхийла йац шен царна: "Лечкъа а лечкъаш, кхин дIа хIун хуьлу хьожуш, Iа деза. Блогосферина дина психологин тIелатар хила а ма тарло и. Мухха делахь а, со кхеташ вац, низаман гурашкахь цара аккаунташ дIа муха йохур йу".

2024-чу шарахь Нохчийчоьнан пачхьалкхан секторан белхахоша 50 миллион сов реакци йитинера республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, кхечу хьаькамаша а Оьрсийчохь йихкинчу телеграмехь а, инсташрамехь а йазйинчу посташна бухахь. Дуккха а шераш ду Ӏедалхоша цу регионерчу бахархошка хьаькамийн посташна бертаза комментареш йазйойту а, лайкаш йохкуьйту а. Оцу йукъанна оцу доллучо а нохчий эргIад оьхуьйту, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.2024-чу шарахь регионалан контент-центр кхоьллира Нохчийчохь, цуьнан белхахой декхаре бара меттигерчу Iедалхойн органийн пабликашкахь публикацеш йан. Контент-центран коьрта Iалашо йу бохура "бахархой хаамашна тIекхачийтар а, ишта "регионалан контент кхоллар а, и пачхьалкхан пабликашкахь йаржор" а.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса