Теллина а даьлла, кхеле кхаьчна Черкесск гIаларчу бахархойн Спивак Петран а, Кравченко Дмитрийн а дов. Царна бехкедо 2017-чу шеран бIаьста меттигера къано ер.
Талламо бахарехь, Привокзалная урамерчу цхьана пенсиэцархочун х1усаме а бахана, цуьнан 100 эзар сом дIа а хьош, иза йийна цара.
ЦIий шена тIеэцнарг Спивак ву, ткъа шолгIачун Iалашо ца хилла йоккха стаг ен, билгалдоккху низамхоша.
Хилам шуьйра баьржина Черкесскехь а, ерриг а Кхарачой-Чергазийчохь а. Цуьнан башхалла ю шиннах цхьаъ низам Iалашдечу урхаллин белхахо хиларал а сов... Читать дальше...