Карабахехь барт барна Путин хастийна Кадыровс
Оьрсийоьнан президент Путин Владимир "дуьненан тIегIанан лидер" ву аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Ломарчу Карабахехь тIом сацош бечу бертана юкъара хиларна. "Вайх хIора а кхин цкъа а тешийна кху суьрто, Путин Владимир дуьненан тIегIанан лидер хиларх. Хьалха а гина ду вай, цуьнан дашо дуккхаъчу регионашкара конфликташ ерзош, цIий Iенор цо сацош. Оцу чолхечу хеттаршкахь толамаш бахар нисло Iаламт ницкъечу, харизмечу, биллам боцу авторитет йолчу нехан",- аьлла, яздина цо шен телеграм-каналехь. Читать дальше...