Европан Барт реза ца хилла Путинца саммит дIаяхьарх йолчу ойланца
Европан Бартан пачхьалкхийн лидерша къобал ца дина Оьрсийчоьнца цхьаьнакхетарш дIадахьа дезара, аьлла, Германино а, Францино а хьалхатеттинчу ойланца. Президентца Путин Владимирца къамелашка вала дуьхьал ву Европерчу мехкийн итт лидер, коьртачу декъанна Малхбалерчу Европан куьйгалхой. Литуван президента Науседа Гитаниса Европан Цхьаьнакхетараллин саммитан хьалхара де доьрзуш дIахьедина, хьалхе ду Путин Владимирца цхьаьнакхетарш дIадахьа, Оьрсийчохь цкъачунна гуш бац дикачу агIор хийцамаш, ткъа юкъаметтигаш Москваца иэгIаш бен а яц, аьлла. Читать дальше...