Нохчийчоьнан цкъа а ца хилла суверенитет, аьлла Кадыровс
"ХIара мохк вайн бу, кхин цхьаьннан а бац. Шейхан Мансуран заманера схьа дуьйна хIу ду вай къийсинарг? Дин лело а, нохчочун кодекс Iалашъян таро хилийта гIерташ къийсам латтийна вай. Вайн халкъан турпалхой схьа а эцна, цара лелийначун, цара къийсинчун а мах хадийча, кхета вай, тахана вайн йолу маршо езара царна", - аьлла Кадыровс.
Шайн пачхьалкх цкъа а хилла яц нохчийн, боху мехкан куьйгалхочо.
"Вайн цкъа а хилла яц суверенитет а, я вешан пачхьалкх а. Нагахь санна, Нохчийчоь йозуш йоцуш хила лууш шейх Мансур хиллехь, Геленджике кхаччалц дIагIур вацара иза, мохк схьа а баьккхина, шен байракх а, герб а йолуш, пачхьалкх кхуллур яра. Ткъа цо-м Кавказ ма яьккхиний, Анапе кхаччалц дIа а вахана", - боху Кадыровс.
Регионан урхалхочунна хетарехь, тахана "оцу нехан доIанашна Дала жоп а делла, вайна толам белла совгIатна". Ткъа и толам Iалашбархьама, "Кадыров Ахьмадан некъа тIехь дIаваха веза, кхин хIумма а дагалеца а ца гIерташ".
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзанан да, Кадыров Ахьмад, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара. Цул тIаьхьа федералашкахьа велира иза. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира. 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлжа-ГIалахь йинчу кIелонехь велира.
Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газетано".
Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а тиллира Кадыров Ахьмад винчу дийнахь арахецначу омраца цуьнан цIе.
Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.