ГIалгIайн оппозиционере Хазбиевга ларло аьлла
"Хазбиевга дIахоуьйту, Оьрсийчоьнан Конституцица цхьаьна ца догIуш, "Экстремизмна дуьхьалояран" Федералан низаман а, "Гуламех, митингех, демонстрацех, пикетех" а долу ГIалгIайчоьнан Республикан низам а дохорца жоьпалла тIедожош хилар, и барамаш вовшахтоьхначарна а, спонсоршна а", - аьлла ду документа тIехь.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Хазбиев Мохьмада билгалдаьккхина, харжамаш хилале хьалха оцу кепара шега ЦПЭ-ра кхаьчна дIахьедар ялхолгIа йа ворхIолгIа ду, оцу юкъанна, цхьана а кепара низамаш дохош митинг йа акци хIотто ша дагахь а вацара аьлла.
"Ас элира ЦПЭ-н белхахошка, махкарчу харжамийн комиссино 20-х шарахь кхаьжнашца фальсификаци лелор - и ю провокаци аьлла. Оха масийттазза вовшахтуьйхира бозуш боцу тергамчаш, баккъал а харжамашка оьху нах 4-5% бен цахилар дIа а яздеш. Ткъа харжамийн комиссино "97" яздора. Цаьрга кхехьийта оьшура, низам дохон мегарг цахиларх дIахьедарш, царна дехка деза фальсификацеш лелор", - аьлла, дийцина Хазбиевс шен полисхошца хиллачу къамелех.
Хьалха гIалгIайн оппозиционеро Хазбиев Мохьмада дIахьедира, Нохчийчуьрчу парламентан спикеро а, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама а дов хьедина шега аьлла. Хазбаиевс дийцарехь, бахьана дара, "гIалгIайн къам сийсаздечу нахера" ца бехкбаккхар.