Добавить новость
ru24.net
World News
Сентябрь
2021

"ФСБ – коьрта террорист" баннер бахьана долуш чудоьллина зудий-майрий

0
Челябинскан юккъерчу кIоштан кхело Цибуковский Дмитрийна ши шо ах шо, цуьнан хIусамнанна ши шо колонехь даккха хан кхайкхийна. И шиъ бехке дина политикан цабезаман а, мостагIаллин а бух тIехь вандализм а, хулиганалла а лелорна. Бахьана ду цаьршимма "ФСБ – коьрта террорис" тIеяздина баннер кечъяр.


Цунах лаьцна хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан куьйгалхочо Чиков Павела, жигархойн адвокаташна тIе а тевжаш, яздо "Карара хан" телеканало.


Юкъараллин ши жигархо дIалецира 2020-чу шарахь Охан-беттан 16-хь, цаьршиннан петара чохь таллам бинчул тIаьхьа. И шиъ бехке деш дара "Пензера гIуллакх" олучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна болчу нахана гIортор еш 2018-чу шарахь регионерчу ФСБ-н урхаллин керт тIе шаршо олларна. Полицин версица, цаьршимма "чам боцуш кIоршаме, хам ца беш, эвхьаза" хулиганалла лелийнера, герз а лелош. Герз лаьррера полисхоша лай тIе кхоьссина фаер.




Цул сов, Цибуковский а, Сафонова а бехке динера вандализм лелорна – пенсех йоьзначу реформина дуьхьал суьрташ дехкинера цаьршимма трансформатаран будки тIе. Оцу бехках хьалхадитира зудий-майрий, зулам дарах жоьпалла дала деза хан тIехъяларна.


"Медиазоно" билгалдоккху Цибуковский а, Сафонова а, кхин а масех анархист а 2018-чу шарахь лаьцна хилар и акци бахьана долуш. Цибуковскийс дийцира, бехк тIелаца бохуш, анархисташна ницкъ бина хиларх лаьцна ФСБ-н урхаллехь. Оцу хенахь лецнарш дIахийцира. И гIуллакх шозза дIакъевлинера зулам дина дац аьлла, амма цул тIаьхьа гIуллакх юхадолийра.


Цкъа дуьххьара жигархой латтош бара талламан изоляторехь. 2020-чу шарахь адвокатийн аьтто хилира уьш шайн цIахь лаьцна латто бакъо луш кхеле сацам байта. 2020-чу шарахь Лахьан-баттахь дуьйна Цибуковский а, Сафонова а кхело цIахь дахийтира. Цаьршинан бакъо яцара арадала петара чуьра сарахь 10 даьлча дуьйна Iуьйранна 6 сахьт даллалц. Цаьршинна иштта дихкинера дуккха а адамаша дакъалоцучу барамшкахь дакъалаца а, зIенах пайда эца а, тешашца юкъаметтигаш лело а.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев вышел во второй круг теннисного турнира в Роттердаме






Суд арестовал вице-губернатора Ростовской области Федотову

SHOT: в Москве ввели план "Перехват" после стрельбы на Кастанаевской улице

Московский криминалист СКР выпал из окна Судебно-экспертного центра

Секс-шопы уходят из российских городов