Старовойтова Галина ейтинарг хенал а хьалха набахтера аравалийта реза ца хилла
2019-чу шарахь Барсуков а жоьпалле озийра, Старовойтова ер вовшахтухуш хилла ву аьлла, амма цуьнан гIуллакх кхеле ца кхечира. Талламо хIинца а къастийна дац, мила вара иза ейтинарг а, бахьанаш хIу дара а.
Билгалдоккхура, цул тIаьхьа Глущенко Михаила хенал а хьалха набахтера аравалийтар доьхуш, яздинчу кехатан цуьнах дош луш куьйгаш яздина хилар Оьрсийчоьнан Турпалхочо, Санкт-Петербургерчу парламенте депутат яха кандидат хIоьттинчу Любовь Егоровас а, гIалин спорткомитетан хиллачу куьйгалхочо Авдеев Юрийс а, физкультура а, спорт а кхиош Оьрсийчоьнан президентехула йолчу Кхеташонан декъашхочо Таймазов Владимира а. "Единая Россия" партин декъашхо ву хьалхара шиъ. ТIаьхьо, "единороссаша" бехкбаьккхича, Егорова а, Авдеев а юкъара делира.
Хенал а хьалха набахтера аравалийта йинчу дуьхьалонна латкъам бан Глущенкон адвокатан ворхI де ду.
Шина тайпа нисло, зерашка даьккхича, Оьрсийчуьрчу Талламан комитето, полицино, кхелаша толлу, луьсту, дерзаде девнаш. Ιедало къобалвеш хилла политик я хьукматан векал вийча, сихха орца а даржадой, схьа а лоху, набахте а кхачаво зуламхо. Шегара юьйлу харцонаш Ιорайохуш хьийза стаг вийча, дукха хьолахь, ца караво Ιедална цΙий тΙехьарчинарг. Царех яра политик Старовойтова Галина, журналисташ Холодов Дмитрий, Листьев Владислав, Политковская Анна, Щекочихин Юрий, Максимов Максим, бакъоларъярхой – Попков Виктор, Эстемирова Наташа.