Добавить новость
ru24.net
World News
Сентябрь
2021

Наркотикашна дуьхьал хилла жигархо вийначунна таIзар кхайкхийна Дагестанехь

0
Антинаркотикан жигархо Абдурагимов Вали верна бехкевечу меттигерчу вахархочунна Болатханов Джаммалитдинна ша динчу таIзарх вердикт кхайкхийна ХIинжа-ГIалара Советский олучу кIоштан кхело. Таркхи эвлахь кху шеран Дечкен-баттахь вийра Абдурагимов.


Болатханов бехкехилар тIе а чIагIдина, шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна, яздо "Махачкалинские известия" гIирсо.


ХIинжа-ГIалара 28 шо долу вахархо Болатханов лаьцнера Дечкен-беттан 5-чохь.


Хаамбарехь, Дечкен-беттан 3-чохь еххачу хене яхъеллачу конфлиткна тIехула даьллачу девнехь таллархойн топ коьртах тоьхнера бехкехетачо 28 шо долчу Абдурагимовна. Оцу меттехь кхелхинера иза. Таркхи-Тау ломан басехь йолчу берийн "Якорек" садоIийлан гIишлонан дозана тIехь хиллера инцидент.




Цул тIаьхьа, Абдурагимов велла кхо де даьлча, ХIинжа-ГIаларчу Таркхи эвлахь вовшахкхеттера меттигера нах оцу сингаттамах дийцаредан. Оцу гуламехь а вовшахлетарш нисделлера, вийра Хайрулаев Керим. Зуламашна бехке ву аьлла, шеконаш тIеэгна шиъ лецира.


Дечкен-беттан 7-чу дийнахь ХIинжа-ГIалин мэро Дадаев Салман, кхинболу хьаькамаш, ницкъхой вовшахкхийтира меттигерчу бахархошца маьждигехь. ГIуллакх дерзор тIедиллира мэро меттигерчу Iеламнахана.


Дечкен-беттан 8-чохь Таркхерчу маьждигехь имамо дIакхайкхийра, Iелманехан сацам хилла, стаг верна бехкевечу Абдурагимовн гергарнаш махкара баха аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция стартового матча Елены Рыбакиной на турнире за миллион долларов






В Новогиреево работает клуб многодетных семей

???? По горячим следам 05.02.2025. Циничная гипотеза о причинах, из-за которых Трамп пробует закончить СВО компромиссом с Россией

Мария Багреева: объем закупок Москвы у малого бизнеса вырос на 52% за год

Терракотовая армия и громадная панда: как столица отмечает Праздник весны