Некъан бохамехь кхо стаг велла Нохчийчохь 0 23.12.2017 16:45 Radiomarsho.com Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхойн хаамца, шоьтадийнахь кхо стаг а вуьйш, цхьанна чевнаш а еш некъан бохам иккхина кхо машен вовшах а кхетарца. Моздокера-Кизляре боьдучу новкъахь "Камаз", Мерседес, БМВ а машенаш дуьхь-дуьхьал кхетта.Хиллачу чевнех белла Мерседесан а, БМВ-н а долахой а, машенчохь хилла зуда-пассажир а. Дийна йисина цхьаъ дарбан хIусаме кхачийна.Бехк хьенан хилла а хьовсуш, бохам талла болийна. Moscow.media Частные объявления сегодня Rss.plus Все новости за 24 часа Другие проекты от SMI24.net Музыкальные новости Агрегатор новостей 24СМИ