Собчак Ксения официалехь президентан харжамийн кандидат хилар дIакхайкхийна
Шоьтадийнахь "Бахархойн инициатива" партина юкъа а йоьдуш, церан съездехь дакъалецира Собчака. Цо иштта зорбане яьккхина шен харжамийн программа а.
"Массарна а дуьхьал" кандидат ю ша боху журналисто. Хаамийн гIирсашкахь президентан Администрацино хьалхатеттина ю Собчак бохуш, яздора, амма ша кандидата Кремлца шен уьйр хилар тIе ца дуьту.
