Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Старр Рингох "Sir" вийр ву Британин паччахьо

0
Британерчу The Beatles тобан ватанчана Старр Рингона лур ю къонахчун титул. Цунах лаьцна хаам бина The Sun газето, музыкантан доттагIчунна тIе а тевжаш.   


Газето дийцарехь, цунах лаьцна хаам кхаьчна Старрга паччахьан Букингем хIусамера ши-кхо кIира хьала. Цунна титул лур ю Паччахьо Элизабен ШолгIачо музыкехь а, сагIадаккхарехь а доккха дакъалацарна.


The Beatles декъашхошна Британин империн орденаш елира 1965-чу шарахь. 100 шо хьалха и орден кхоьллинарг вара Элизабет ШолгIачуьнан деда паччахь Георг V. 1997-чу шарахь Маккартни Полна елира къонахчун титул.


Старрна титул лур ю 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь, хIора шарахь хуьлучу Британин пачхьалкхан цIарх орденаш а, совгIаташ а даларан а, цIераш тахкаран а церемонехь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса