Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Нохчийчоь йовзархо журналист Горюхина Элвира кхелхина

0
Оьрсийн евзаш йолу журналист, профессор Горюхина Элвира кхелхина Москохахь. Иза оьрсийн публицисташна юкъахь уггаре а евзачарех цхьаъ яра.


Новая» газетан лерина корреспондент йолу Горюхина 1992-чу шарахь дуьйна тIемаш а, конфликташ а йолчу меттигашкахь лелаш яра.


ШолгIа тIом болабелча дуьйна схьа дуккхаза а Нохчийчохь хилла йолчу Горюхинас, шен артиклашкахь а, очеркашкахь а яздора Бумтахь а, СемаIашкахь а, Соьлж-ГIалахь а оьрсийн эскархоша лелийначу зуламех лаьцна.


2000-чу шарахь араелира Горюхинан «Хьехархо Кавказе яхар» цIе йолу гулар, цуьнан Нохчийчохь хиллачу цхьаьнакхетарех лаьцна дуьйцу  очеркаш тIехь а йолуш.


Сахаров Андрей цIарахчу премица а, «Оьрсийчоьнан дашо къолам» совгIатца а билгалъяккхина яра Горюхинан кхолларалла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса